Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2021

Шайн дов кхечу регионехь ца хаттарна мацалла кхайкхийна шина вашас

0
ГIаттамхошна гIо дина ву аьлла, бехкевинчу шина вашас Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а мацалла кхайкхийна, шаьшиннан дов хаттар Нохчийчуьра кхечу регионе дехьадаккха дуьхьалоярна протест еш. Нохчийчохь нийсонца кхел йийр ю аьлла, дегайовхо яц цу шиннан.


"Новая газето" хаамбарехь, бахьанаш далийна кхеле хIиттийначийн адвокаташа, республикан урхалхоша зорбан гIирсашкахь и шиъ бехкехиларх дIахьедина хилар; цул совнах, "сий лардеш" вуьйр ву бохуш, кхерамаш кхаьчнера цаьрга.


20 шо долу Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а ши ваша ву. Кху шеран Чиллан-баттахь Новгородера лачкъийна и шиъ Нохчийчу дIавигинера. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн карахь хиларх.


ЧIагIдарца, Соьлжа-ГIала дIакхачийначул тIаьхьа гIело латтийна, сийсазвина камера хьалха дIа а хIоттийна, гечдар дехийтинера цу шинга, мехкан Iедалхой емал бечу телеграм-каналан модераторш хиларна.


Бютукаев Асланан тобанехь дакъалаьцна ву, цунна юург латтийна цара бохуш,  чIагIдо меттигерчу Iедалхоша.


Марсхьокху-беттахь вежарша дIахьедира, шаьшинна еттарх, бехк тIелаца бохуш. Амма Нохчийчуьрчу Талламан комитето дуьхьало йира, "шаьшшинна ницкъ бина, бохуш латкъамаш а беш, Магомадов а, Исаев а шайн гIуллакх Оьрсийчоьнан кхечу субъекте дехьадаккхийта гIерташ ву,  Къилбаседа Кавказана юкъайогIуш йоцчу кхечу регионе дехьаваккхийта дагахь, шаьшшинан ламасте йоцу ориентаци бахьана долуш" аьлла.


Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.


Бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред.билгалдаккхар) центро политикан тутмакхаш лерина вежарий Исаев Исмаил а, Магамадов Салехь а.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса