ТховкIело ехначу нохчех лаьцна хаамаш Оьрсийчоьне дIакхачийна Францин Iедалхоша
Политикан тховкIело йоьхуш хилла, шаьш Оьрсийчу депортаци йинчу Нохчийчуьрчу Мурадов Даудах а, иштта Мурадовс шен гергарчех а, шена гIо динчу бакъоларъяран организацех а бина хилла хаамаш оьрсийн офицаилан органашка дIакхачийна хиларх тоьшаллаш ден кехаташ кхаьчна бакъоларъяран "Мемориал" центре. Кавказ.Реалиино яздо цунах лаьцна.
2020-чу шеран ГIуран-беттан 11-чу дийнахь Францера араваьккхира Мурадов, Оьрсийчу ма кхаччара лецира иза, тIаьхь къизаллаш лелийра цунна, къастийна доцчу бахьанашца кхелхира иза, Нохчийчохь лаьцна латточу юкъанна. 19 шо дара цуьнан иза лечу хенахь.
"Мемориалан" хаамашца, Францино Оьрсийчоьне дIаделлачу кехаташлахь ю – МурадовгIеран цIийнах болчара францхойн иммиграцин Iедалхошка динчу мукIарлонийн резюме.
Цара дийцинера, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь нохчийн ницкъахоша 15 шо кхаьчна Дауд а, 13 шо долу цуьнан ваша а, церан да а, иштта МурадовгIеран доларчу интернет-кафе веана 10 стаг а лацарх. Цаьрга масаьрга а хеттарш динера, тIаьхь ницкъ а беш, оцу кафера цхьахверг Шемарчу даIишхошца йоьзначу сайташка вуьйлуш хилла бохуш.
Цхьана баттахь а эхабаттахь а латтийра Дауд лаьцна, цуьнан телефон чохь йозанаш карийнера Нохчийчоьнан урхалхочунна Кадыров Рамзанна луьйш дина, йиттинера цунна, нохчийн лаккхарчу полицин даржхоша дакъа а лоцуш. Цул тIаьхьа доьзал Оьрсийчуьра дIабахара.
Цул совнах, францхойн Iедалхоша Оьрсийчоьне дIакхачйина, МурадовгIарна тIехIиттинчу 17 стагах лаьцна йозанашкахь дина тоьшаллаш, царлахь бу – тахана Нохчийчохь бехарш а цхьана. Нохчийчохь адамийн бакъаонаш хьешарх а, МурадовгIеран доьзалх лаьцна истореш язйинчу зорбанан гIирсех а, бакъолаъяран организацех а хаамаш бахьийтина цара.
"ТIаьхь ницкъ а беш, шайна оьшу мукIарлонаш дохуш, бехкаш дохкучу нах бойъучийн каравелла Францин Iедалхоша иза. Суна хета, Дауд верах жоьпалла францхойн Iедалхошна тIаьхь а ду", - дIахьедина Нохчийчуьрчу бакъоларъяран "Мемориал" центран декъан куьйгалхочо Титиев Оюба.
Оцу юкъанна, иза аравоккхучу хенахь Францино жоп деллера Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелана, цунах лаьцна цхьана а кепара хаамаш оьрсийн Iедалхошка кхачор бац аьлла.
2021-чу шеран Лахьан-баттахь Францехь лаьцна Мурадов Дауд депортацин набахте воьллира, францхойн Iедалхойн хаамашца, "Исламан пачхьалкх" (Оьрсийчоьхь йихкина ю организаци террорхойн лерина) шех олучу тобанхойн могIаршкахьа "гIуллакхаш лелош хиллера цо, бакъоларъяран органийн белхахошна терроран тохарш дан Iалашонца". Францин чочьхьарчу гIуллакхийн министраллан синтем байинера, ГIалгIайчохь лехамашка беллачу гIаттамхойх лаьцна хаа гIортаро а, химих лаьцначу сайта тIехь, куьйга ен оьккхуьйтург муха ю хаа гIертаро а.
Мурадов Дауда бахарехь, Оьрсийчохь иза лецира, депортацин рейсан трапа тIехь, цигара дIа ор даьккхинчу хьуьнха вигира иза, цхьалха а ваьккхина, йиттинера цунна, шийла хи тIе а дуьттуш, ток йеттийтинера. Иштта куьйгаш яздайтинера цуьнга шаьш бохучу кехаташна. Лефортовон СИЗО Мурадов валийча цунна тIехь ницкъ бина ларраш гинера.
ТIаьхьо Мурадовс хьалхо ша дина мукIарло юхаийцира, бертаза тIелацийтина бехк бу аьлла, реза ца хилира иза кхел яле бинчу сацамна а, шега гIело хьегийтарх Талламан комитете дIахьедира цо.
"Мемориалан" хаамашца, 2021-чу шеран Лахьан-баттахь Нохчийчу валийра Мурадов, юха а гIело хьегийтира цуьнга. Кхело талла доло дезаш дара, гIаттамхойн могIарш дуза гIортарна а, терроран тохар кечдарна а дехкина бехкаш. Чиллан-беттан 6-чу буса кхелхира Мурадов.
Цуьнан доьзале жаннашка лазар деана велла элира цкъа, амма цуьнан кхалхарх хIоттийначу кехата тIехь яздина ду "цIеххьана даге лазар иккхина" аьлла. Гергарчийн шеконаш ю, цунна дIавш делла хила тарло аьлла. Цуьнан дакъа дIадолла дIа ца делира.