Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2022
1
2
3
4
5 6 7
8
9
10
11
12
13 14 15
16
17 18
19
20 21
22
23
24
25
26 27 28 29
30

Ульяновскерчу набахтехь динца доьзна бусулбанашна гIелояр бакъ ца дина Нохчийчохь

0
Ульяновскерчу набахтехь динца доьзна бусулбанашна гIелояр бакъ ца дина Нохчийчохь

Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашъян векал винчу Солтаев Мансура бакъдина Ульяновскан кIоштарчу Димитровградан колонехь тутмакхашна тIехь ницкъбар а, бунт эккхийтар а, амма динца доьзна бусулбанашца дискриминаци лелорна даре ца дина. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан суьренан хаамашкахь гайтина омбудсменан тутмакхийн гергарчаьрца хилла цхьанакхетар.

"Блогерша даржийна – леррина оцу теми тIехьа хайп лелайо цара. Нахана хууш дац, амма дуьйцу мархийн баттахь датIийна йа дагийна КъорIан бохуш. Шаьш тутмакхаша боху и бакъ дац. ХIаъ, шайна йиттира, тIе хиш диттира боху цара", - дийцина Солтаевс нохчийн тутмакхийн гергарчарна.

Ульяновскан кIоштарчу адамийн бакъонаш Iалашъян векал винчунна тIетевжина, Солтаевс бакъдира, чохь бахкочийн дегIа тIехь йиттина таммагIаш дара, ткъа куьйгаш тIехь а, яьIнаш тIехь а, геш тIехь а хедийна чевнаш яра.

Ульяновскан федералан таIзар кхочушдаран урхаллин (ФСИН) белхахоша тутмкхийн КIорIанаш а, ламазан кузаш а хIаллакдира, тутмакхаш сийсазбора, аьшнашбора динан а, къоман а билгалонашца аьлла, хаамбира бакъоларъяран Gulagu.net проекто.

Бакъоларъярхоша тIечIагIдо, протест ечу иттаннашкахь тутмакхаша шайн куьйгаш а, геш а хедор. Бусулбанаш боцчу, кхечу блокаш чохь болчу тутмакхаша а гIо лецира церан. ШолгIачу дийнахь бIе гергга хан токхучара мацалла кхайкхийра.

Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дийцира, Оьрсийчоьнан набахтешкахь дуккхаъчу шерашкахь бусулбанашна тIехь гIелло стенна латтош ю, аьтто буй Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан царна тIехIотта, динан лидерша гIо хIунда ца доккху шайн динах болчаьргахьа.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Соболенко уступила Свентек в финале турнира WTA-1000 в Мадриде






В Венесуэле назвали инаугурацию президента РФ Путина поражением США

Видели смерть, но не разучились смеяться. Советские режиссеры-фронтовики

Пельмени "Амур" разные заведения смогут готовить только после получения права

Больше 14 пирамид Хеопса. В Якутии расширяются «Ворота в преисподнюю»