Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2022
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13 14 15
16
17
18 19 20 21
22
23
24
25 26 27 28 29
30
31

Ставрополера яхархо бехкейина гIаттамхошца хилла ю аьлла

0
Бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанхошлахь  дакъалацарна а, террорхойн юкъараллехь гIуллакх дарна а Ростов-ГIаларчу Къилбан гонашкарчу тIеман кхело Ставрополерчу яхархочунна Гардалоева Разетана бехк тIехь а буьтуш, пхи шо хан кхайкхийна цунна.


Бехкбиллархойн версица, 2015-чу шарахь Гарадалоева шен хIусамдеца Шема яхана хилла, цигахь "Джейш-аль-Мухаджирин валь-Ансар" тобанах дIа а кхеташ, Товбеца-баттера ГIадужу-батте кхаччалц тIемалошна гIо латтийна цо – кхача кечбеш, цIано латтош, церан барзакъ дуьттуш, цIандеш, иштта дакъалаьцна тобанан "вовшахкхетачу барамашкахь", цул тIаьхьа Шемара араяьлла иза.



Шемахь Асад Башаран Iедална дуьхьал тIемаш бинчу "Джейш-аль-Мухаджирин валь-Ансар" тобанехь бара доккхачу декъанна Къилбаседа Кавказера а, СССР-н хиллачу кхечу мехкашкара бахархой а.
"Джейш-аль-Мухаджирин валь-Ансар" террорхойн организаци лоруш Оьрсийчохь сацам бина бац. Делахь а церан тоба йоьзна яра Оьрсийчохь террорхойн лерина, йихкинчу "Кавказан Имарат" вовшахтохараллица, цул тIаьхьа (Кавказский узел гIирсан хьостанийн хаамашца – 20I1-чу шеран ГIадужу-баттахь), 2015-чу шарахь Оьрсийчохь террорхойн ю аьлла, тIеэцначу Джебхат ан-Нусра" тобана юкъаяхара. 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса