Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2023
1
2 3
4
5 6
7
8
9 10 11 12 13
14
15
16 17 18 19 20
21
22
23
24 25
26
27
28
29
30 31

Социалан машанашкахь ИГИЛ-н байракх хIотторна гIуда тоьхна Нохчийчуьра вахархочунна

0
Социалан машанашкахь ИГИЛ-н байракх хIотторна гIуда тоьхна Нохчийчуьра вахархочунна

Нохчийчуьра Веданан кIоштан кхело бехкевина меттигера вахархо Хайдаев Хьасейн экстремистийн материалаш йаржийна аьлла, цо дуьненаюкъарчу террорхойн ИГИЛ организацин Iаьржа байракх "ВКонтактехь" яржорна. Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин экстремизмана дуьхьало латточу центран белхахошна карийна иза.

Административан гIуллакхан материалашкахь йаздарца, оперативан-лехаман "Тергойар" барамаш дIахьочу заманчохь ЦПЭ-н белхахочунна гучуйаьалла 32 шо долчу Нохчийчуьра вахархочун аккаунтехь ДаIишан символика. Центран декъе валийна Нохчийчуьра вахархо къера хилла шен бехкана. Кхелехь цо кхетийна, "Iарбойн элпашца, дашо юкъ йолу Iаьржа байракх цхьана организацин символика юй а, тIехула тIе иза Оьрсийчохь йихкина юйла ца хаьара" шена аьлла.

Экстремистийн символикана пропаганда йарна бехкевина Нохчийчуьра вахархо. Административан Iедалан къепеца а догIуш, цхьана эзарна тIера шина эзаре кхаччалц гIуда кхачадо цунна, цо низам дохийна гIирс дIа а боккхуш, йа 15 дей-буьйсий чохь даккхийта тарло. Кхело уггар а лахара таIзар дина Хайдаев Хьасенна.

Дуьненаюкъарчу террорхойн ""Исламан пачхьалкх" организацин байракха тIехь йоза ду Iарбойн маттахь йаздина - шахIада- Iаьржачу фонехь, Мохьмад Пайхамара таIийна мухIар ду бохуш. И символ лоруш ю бусулбанашлахь, яьржина ю ИГИЛ-н тIемалошца цхьа а уьйр йоцуш, масех пачхьалкхан байракх тIехь а цхьана.

Интернетехь экстремистийн билгалонаш зорбане йахарх, аьлча а, дуьнненаюкъара террорхойн ДаIиш тобанхойн а, кхечу радикалан исламистийн организацийн а байракхаш яржорна Дагестанерчу кхелаша зазадокху-баттахь листира мел кIезиг а 15 административан гIуллакх.

Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

ХIинжа-ГIалара вахархочунна Гамзатов Булатна 15,5 шераш тоьхна колонихь даккха, террорхйон организаци юкъахь дакъалаьцна ву аьлла, бехкевина. Иштта сацам тIеийцира Ростов гIаларчу Къилбан гонашкарчу тIеман кхело.

Бакъонашларйархоша дийцира Кавказ.Реалиига, дуккхаъчу "террорхойн" гIуллакхашна шаьш тIе дуьтуш дац, цундела дохку бехкаш бух болуш дуй хьовса таро ца хуьлу шайн аьлла. Ткъа информаци шайн каракхаьчча, гучудолу дуккха а низамаш талхийна а, фальсификацеш лелийна а меттигаш.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Анастасия Павлюченкова

Павлюченкова официально аккредитовала на турнир в Риме двух своих собак






Наталья Сергунина: празднование Дня Победы станет центральным событием фестиваля «Московская весна»

Жители ХМАО расскажут о родственниках-героях благодаря Полотну Победы

Мария Багреева рассказала о роли производительности труда в росте экономики

Фашизм не пройдет!