Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10 11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27 28 29 30
31

Нохчийчуьрчу Лаккхарчу кхело йалхазза лахдина Соьлжа-ГIалин вахархо бехказа хьийзорна догIу компенсаци

0
Нохчийчуьрчу Лаккхарчу кхело йалхазза лахдина Соьлжа-ГIалин вахархо бехказа хьийзорна догIу компенсаци

Нохчийчуьра Лаккхарчу кхело йалххазза лахдина Соьлжа-ГIалин вахархочун Вахаев Салахьан компенсаци. Иза масех шарахь бехктакхаман гIуллакхехь дилли хьийзорна цунна догIуш долу миллион соьма тIера 150 эзар соьма тIекхаччалц ахча ду. Кхеле латкъам белира Оьрсийчоьнан финансийн министралло. 

2006-чу шарахь Нохчийчуьра Курчалойн кIоштан прокуратурин талламхочо итт стагана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийра. Царлахь вара харцхьа леларна, ницкъбарна бехке хеташволу Вахаев. 2007-чу шарахь Шела гIалин кхело и гIуллакх прокуратуре йухьахьажийра, кхачамбацарш дIанисдар доьхуш. Цул тIаьхьа, шо даьлча, бехктакхаман гIуллакх сацийра. 

"[Вахаевн] синна зе дина, цул совнах, зе хилла цуьнан доьзална а, 1,5 шарахь цуьнан бакъонаш йихкина хилар бахьана долуш. Цуьнан синна хилла ницкъ а, цунна тIейазбина хилла харц бехк, цуьнан йуьхьIаьржа хIоттор, ша бехке вац, талламхоша шен бехке дохкурш ша ца дина бохуш йеххачу хеначохь нахана хьалха цуьнан бехказвийла дезар а",- йаздора латкъам чубеллачу Соьлжа-ГIалин вахархочо.

Харц кхоьллинчу гIуллакхца ша сецорна, бехке воццушехь шен цIе бехйарна Оьрсийчоьнера миллион сом схьадаккха вуьйлира иза. 2022-чу шеран гезгмашан-баттахь Ленинан кIоштан кхело 300 эзар сом цунна дIадала магорца цуьнан искана жоп делира.

Цу сацамна Минфино а, иск чуйеллачо а латкъамаш бира. ТIаккха Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело и шаьш хьалхо магийна 300 эзар сом "тIех дукха" лерина аьлла сацам бина, цуьнан компенсаци долчул шозза лахдира.

Дагестанерчу йахархочунна Курашова Юлдузна иштта бехк боццушехь бехктакхаман гIуллакхехь латторна 50 эзар сом билгалдаьккхира, дуьйцу бакъонашларйархоша. ХIинца цуьнан гIуллакхехь чекхволуш ши полисхо ву, таIзарш дина, Iазапехь латтийна аьлла.

Ростов-мехкан Шахты гIаларчу талламан изоляторна латкъам бина Калиниченко Дмитрийс. Цуьнан гIуллакхна бина сацам кхело ца хуьйцуш битина. Цо доьхуш дерг а компенсаци дара 820 эзар сом, ша адмана ца мегачу хьелашкахь латторна. Кхело цуьнан баланийн мах 15 эзар соьмаца хадийра. 

Дагестанерчу Хасав-Йуьртара аптекан куьйгалхочун Кардашов Алексейн гIуллакх Нохчийчуьра Нажи-Йуьртан кIоштан кхеле дIаделла. Зуламехь бехке лоруш ву Соьлжа-ГIалин вахархо Омаров Сайд-Мохьмад. Амма кхелхинчун доьзало а, бакъоларйархоша а бахарехь, цуьнга и бехк нуьцкъаца тIелацийтина бу. 2017-чу шеран гезгмашан-баттахь тIепаза вайна ву Кардашов. Дагестанерчу талламхошка цу хенахь коьрта теш хилла волчу Омаров Сайд-Мохьмада дийцира, аптекан белхахо Нохчийчуьра Iедалхоша лаьцна, дIавигна аьлла. ГIуллакхан материалаш Нохчийчуьра талламан урхалле ма кхачийнехь, Омаровс ша мел аьлларг йухаоьцуш, и аптекарь ша вийна элира. Цуьнан гIуллакхна шозза сацам бинера, амма Нохчийчуьра Лакхарчу кхело и сацамаш шозза йухабаьхна. ХIинца кхозлагIа толлуш ду цуьнан гIуллакх. 

Махачкалан йахархочо ша бехк боцуш полицин декъехь латтийна, шега нуьцкъаца шен боцу бехк тIеэцийтина, аьлла латкъам бира. Мирзаханова Булбула дийцира, ша керла шо даздаран деношкахь полицин декъехь цIерачаьрца а, адвокатаца а зIене ца йолуьйтуш латторах, аьлла ду цуьнан гIуллакхе ладугIучу Дагестанан Лакхарчу кхелан сацамехь.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Первая ракетка мира расплакалась после финала турнира с участием Рыбакиной






Жители губернской столицы спасают летучих мышей и выпускают их в естественную среду

Всероссийский конкурс туристических магнитов России приглашает к участию

Мужское имя Андрей: характер, судьба, отношения и совместимость

"Русские должны извиниться!": Таджики в гневе из-за запрета "тусить" в России