Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10 11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27 28 29 30
31

Новости за 28.03.2023

"Бехке хетарш уьйрашца схьагулбо". Бакъонашларйархой - Ночийчохь лечкъийначу бахархойх

Radiomarsho.com 

Хьалха-марта кIоштара а, Ищерская станицера а ши вахархо - Гатаев Ахьмад а, Духаев Гилани а дIалацаран а, веран а хьелаш девзина бакъонашларйархошна: и шиъ дIадаханчу шеран чакхенгахь лаьцна дIавигира, йуха церан нахана цу шинна ши дакъа дIаделира. Гергарчарна йаккхий тезеташ хIиттор дихкира, хилларг нахала даккха ца магийра. Кавказ.Реалии редакцино бакъонашларйархошца дийцира, республикехь адамаш дIалийцаран рейдех а, адамаш лечкъадарах. Цхьана декъе некъ ДIадаханчу шеран гIуран-беттан 17-чохь... Читать дальше...

Кадыровн кIенташна-кхиазхошна совгIат дина "терроризмаца къийсам латторна" аьлла

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан воIаршна, 17 шо долчу Ахьмадна а, 15 шо долчу Адамна а "Терроризмаца къийсам латторна" аьлла билгалбохуш, совгIаташ дина. Цунах лаьцна хаамбина республикерчу къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министро Дудаев Ахьмада. Оцу билгалонца стенна къастийна КадыровгIар, хууш дац. Дудаевс дIахьедина, и шиъ даймехкан патриоташ хилар а, "деден весеташ", Кадыров Ахьмадан, кхочушдеш, схьавогIуш хилар. Пачхьалкхан "Чечня Сегодня" агенталлин сайтехь бечу хаамца... Читать дальше...

Нохчийчуьра маьждигехь видеош йахарна гечдар дехийтина Пензера студенте

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра Шела гIаларчу маьждигехь йаьхна видеошна тIехула бехк цабиллар дехийтира Пензера студенте, дуккхаъчу бахархоша магийта йиш йоцуш лерира уьш. Стохка лахьан-баттахь доттагIийн тоба йеанера Нохчийчу, амма церан роликаш дукха хан йоццуш йаьржира машанехь. Маьждигехь студентийн лелар а, церан забарш а товш доцург хийтира дуккхаъчарна. Зазадокху-беттан 27-чохь машанехь видео гучуйелира, мила ву цахуучо чIагIдо цу тIехь, "тхуна схьакарийра и нах" (роликаш йаьхна студенташ.- Редакцин билгалдаккхар.). Цул тIаьхьа жимчу стага... Читать дальше...

Набахтина тIедожийна гуттаренна чувоьллинчу Нохчийчуьра вахархочунна компенсаци дIадалар

Radiomarsho.com 

Гуттар чохь валла хан тоьхначу Нохчийчоьнан вахархочо Ражаев Мансура Пятигорскан кассационнан кхеле латкъам бинера - 200 эзар сом, Хабаровск-махкарчу №6 набахтехь ша латторан хьелаш хIоттийначу барамашца ца догIу аьлла. Кхело и компенсаци 3 эзар соьма тIе охьадаьккхира. Кхелан сацамо дийцарехь, Ражаев герзаца гIаттамхойн тобанан декъахо лерича, цо Европерчу адаман бакъонийн кхеле латкъам бира. И беш кхело цуьнан бехктакхаман гIуллакхан йерриге материалаш йовзийта йезар. Амма цара и ца дира. Хьалхарчу декъах бен пайда ца оьцуьйтуш, витира. Читать дальше...

ГIалгIайчохь муьлш бу цахуучу наха полицин постана тIе герзаш диттина

Radiomarsho.com 

Зазадокху-беттан 27-чу буса муьлш бу цахуучу наха ГIалгIайчуьра Наьсаран кIоштара полицин постана тIе герзаш диттина, цул тIаьхьа къайлабевлла зуламхой, уьш лоьхуш бу, цхьа полисхо лазийна. Мехкан МВД-н информацица, герзаш диттина хетарехь автоматаца. ТIелатар дина буьйса юккъе йахначу заманчохь Кантышево эвлан галморзехь, цигахь йу "Волга-14" пост, билгалдоккху The Magas Times телеграм-канало. Mash Gor телеграм-каналан хаамашца, хьалхо динчу дIахьедарца мел кIезиг а кхоъ хилла тIелеттарг, детиха басахь йолчу ВАЗ-21099 машенахь хила уьш. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Мария стала соперницей Азаренко на турнире WTA в Мадриде






В московском парке нашли тело мужчины

Кинолог Голубев рассказал, чем можно угостить собаку на пикнике

Андрей Воробьев: «День добрых дел» объединил учащихся Подмосковья

Росстат: Уровень безработицы в России обновил исторический минимум