Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10 11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27 28 29 30
31

Наьсарерчу "Правовая инициатива" цхьанакхетараллин офисо шен болх сацийна

0
Наьсарерчу

Наьсарерчу (Назранерчу) "Правовая инициатива" бакъонашларйархойн цхьанакхетараллин офисан белхалоша, шаьш шайн болх сацош бу аьлла, дIахьедар дина. Гуттаренна йа цхьана йукъанна - билгалдоккхуш дац. Цунах хаам зазадоккху-беттан 23-хь цхьаьнакхетараллин телеграм-каналехь битна.

Кавказ.Реалии редакцица цу хьолехь къамел дан а ца лиира цу офисан белхалошна. ДIахьедарехь а дуьйцуш дац цу сацаман бахьанех. Кху шерашкахь шаьш мел лелийна гIуллакхаш дIадала кечлуш ду шаьш элира куьйгалхочо.

ГIуран-беттан 13-хь Оьрсийчоьнан Минюст-о "Правовая инициатива" фонд хийрачу пачхьалкхийн агенташ билгалбохучу реестрах дIатоьхна. Проектан болх адамийн бакъонаш цаларйарца боьзна бара. Дукха хьолахь Къилбаседа Кавказехь.

"Правовая инициатива" фондо 2016-чу, 2018-чу шерашкахь - Дагестанан Ботлих, Цунтин, Тляратинск, Цумадин, Кизлярск-кIошташкахь зудберийн могушалла хIаллакйо операцеш йарах докладаш арахецна. Цу цхьана республикехь йо уьш шарчохь мел кIезга 1200 йоIана.

Цу проекто Нохчийчохь хиллачу шоллагIчу тIамехь тIепаза байначийн цIерашца карточкаш хIиттийна. Талламхошкахь 330 адамах хаарш ду.

2019-чу шарахь "Правовая инициатива", "Новая газета", ПЦ "Мемориал", "Комитет против пыток"- офисаша дийцира, Нохчийчохь, Кадыров Ахьматан цIарах йолчу ППСП №2 полкан гIишлочохь йолчу къайлахчу набахтех. Иштта цара дийцира, 2017-чу шеран дечкен-баттахь таIзарш дина, вийначу 27 стеган цIераш шайна йовзийтуш тоьшалла диначерх лаьцна а.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Анна Калинская

Калинская проиграла Свитолиной и не смогла выйти в 1/8 финала турнира в Риме






Подмосковный врач рассказала молодым мамам, когда вводить прикорм

Стали известны составы "Балтики" и "Спартака" на матч Кубка России

СМИ раскрыли причины смерти журналиста Кононенко

«Достоверно известно»: кардиолог Бокерия назвал лучший способ оздоровления