Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10 11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27 28 29 30
31

Нохчийчуьрчу парламентан экстремизмах йолу проект Госдумин бакъонийн урхалло ца магийна

0
Нохчийчуьрчу парламентан экстремизмах йолу проект Госдумин бакъонийн урхалло ца магийна

Экстремистийн гIуллакхех Нохчийчуьрчу парламенто хIоттийна низаман проект Госдумин бакъонийн урхаллехь ца магийна. Долчу законаца иза догIуш цахилар билгалдаьккхира юристаша.

Хаамийн материалаш экстремизман бух болуш ларар дара Нохчийн парламентареша доьхург. И тайпа латкъамаш регионан а, мехкан а лакхарчу кхелашкахь бен талла магийна ца хилийтар. Вуьшта а цу хаамийн бакъболу автораш а уьш зорбане даьхнарш а талламашна йукъаозон дезар а долуш. Цкъачунна и тайпа экстремистийн гIуллакхаш муьлххачу кIоштан кхелехь талла мегаш ду.

Бакъонийн урхаллин законопроектан хьокъехь бинчу сацамехь боху, административан латкъамашца дерш лерина ца Iаш, административан бакъонаш эшоран материалаша, бехкзуламан гIуллакхаш а лара тарло экстремистийн. И дерриге хуьйцуш хилча, низамехь хийцамаш бан беза.

2017-чу шарахь а кховдийра Госдуме и тайпа чулацам болу низаман проект. Амма Оьрсийчоьнан парламенто чекх ца йалийтира.

Дуьххьара дац нохчийн депутаташа и тайпа лаамаш бовзийтар. Амма Москвахь уьш къобал ца бо. 2015-чу шарахь Нохчийчоьнан парламенто Госдуме кховдийра терроризмехь бехке болучеран дин а, церан къомалла а билгал цадаккхаран проект. Амма и болх а чекх ца балийтира. И тайпа барамаш законехь болуш ду, аьлла жоп делира хаамийн политикин профилан комитето.

Бехке хила тарлочеран дин а, къомалла хьехон ца магош проект кховдийра 2021-чу шарахь Нохчийчоьнан парламенто Госдуме. Цу законопроектан автор республикерчу парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад вара. Оьрсийчоьнан Iедало иза а тIе ца лецира.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Потапова проиграла Остапенко во втором круге турнира WTA 1000






Нарколог Холдин: курение сокращает жизнь на 7–15 лет

Мальчик потерял память и поседел из-за занозы в ноге

Премьер-министр Польши заявил о начале фортификационных работ на границе с Белоруссией

Российское высшее образование — одно из лучших в мире, заявили в правительстве Вьетнама