Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10 11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27 28 29 30
31

Кадыровн кIенташна-кхиазхошна совгIат дина "терроризмаца къийсам латторна" аьлла

0
Кадыровн кIенташна-кхиазхошна совгIат дина

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан воIаршна, 17 шо долчу Ахьмадна а, 15 шо долчу Адамна а "Терроризмаца къийсам латторна" аьлла билгалбохуш, совгIаташ дина. Цунах лаьцна хаамбина республикерчу къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министро Дудаев Ахьмада.

Оцу билгалонца стенна къастийна КадыровгIар, хууш дац. Дудаевс дIахьедина, и шиъ даймехкан патриоташ хилар а, "деден весеташ", Кадыров Ахьмадан, кхочушдеш, схьавогIуш хилар.

Пачхьалкхан "Чечня Сегодня" агенталлин сайтехь бечу хаамца, КадыровгIарна совгIаташ дIакхачийна махкарчу МВД-н урхаллин куьйгалхочо Алханов Руслана а, Нохчийчуьра Росгвардин урхаллин хьаькамо Делимханов Шарипа а.

2015-чу шарахь "Терроризмаца къийсам" латторна аьлла, дуьххьара и совгIат дира Кадыров Рамзанна. Цунна тIаьххье совгIат дира цуьнца мехкан урхалхочун ненайишина Ибрагимова Уманина а, ницкъахошна герз диттинера аьлла, 2019-чу шеран гезгамашин -баттахь жимстаг вийначу ДПС-н шина белхахочунна а

БерхIийтта шерашка бовлаза Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кIентий Эли а (Зеламха), Адам а чиллан-баттахь хаабелира Дубайхь машенийн урхалла деш. Iарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн низамаш дохадо цо, 18 шо кхаьчначул тIаьхьа бен ца мега цигахь машен лело.

Нохчийчохь "къоман съездехь" мидалш йелира "Хьакъволу Нохчийчоьнан бакъоларйархо" аьлла мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан нанна Кадырова Айманина а, иштта дена Кадыров Ахьмадна а.

Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана хийцамаш бина республикан Конституцихь – цуьнан даржана тIетоьхна "Мехк-Да" аьлла.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Анна Блинкова

Россиянки Аванесян и Блинкова вышли во второй тур турнира в Риме






В Китае запечатлели облачный водопад

LILA и проект Munterra открыли арабский лаундж в центре Москвы

Спортсмены из Владимирской области завоевали золото всероссийского турнира по пауэрлифтингу

Потомки ветерана передали семейные реликвии в Музей Победы