Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10 11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27 28 29 30
31

"Бехке хетарш уьйрашца схьагулбо". Бакъонашларйархой - Ночийчохь лечкъийначу бахархойх

0

Хьалха-марта кIоштара а, Ищерская станицера а ши вахархо - Гатаев Ахьмад а, Духаев Гилани а дIалацаран а, веран а хьелаш девзина бакъонашларйархошна: и шиъ дIадаханчу шеран чакхенгахь лаьцна дIавигира, йуха церан нахана цу шинна ши дакъа дIаделира. Гергарчарна йаккхий тезеташ хIиттор дихкира, хилларг нахала даккха ца магийра. Кавказ.Реалии редакцино бакъонашларйархошца дийцира, республикехь адамаш дIалийцаран рейдех а, адамаш лечкъадарах.

Цхьана декъе некъ

ДIадаханчу шеран гIуран-беттан 17-чохь дуьххьара NIYSO - оппозицин телеграм-канало шен агIонехь сурт гойтуш, дийцира 31-шо долчу Духаев Гиланех. Лахьан-беттан 19-хь туькана вахан араваьллачохь шина полисхочо лаьцна дIавигира, йуха кадыровхоша вийра, дуьйцура кост даржийначара. Иза къайлах дIаволла буьйлира, амма "адамаш карзахадовларо новкъарло йира", - цу бахьанца иза ницкъахоша Iуналла деш, дIавоьллира.

Бакъонашларйархоша талларехь, лахьан-баттахь Духаев Iедал-белхалойн машенахь Заводскойн кIоштан полицин декъе дIавигира. БархI де даьлча иза цигахь кхелхира. Полисхоша гергарчарна дакъа дIаделира, амма тезет хIоттон ца магийра, дуьйцу "Мемориал" - адаман бакъонашларйаран центрехь. Цуьнан доьзал хьалха а иштта репрессешца хьийзина бу: тIеман муьрехь Духаев Гиланин да а, воккхах волу ваша оьрсийн эскархоша вийна ву.

ГIуран-беттан чакхенгахь каналехь дийцира Хьалха-Марта кIоштарчу Олхазар-кIотарара Гатаев Ахьмадах. Иза гIуран-беттан 10, 12-чу деношна йуккъехь лачкъийна ву. Ши кIира даьлча къайлах дIавоьллина ву. Дийцарехь, дакъа гергарчарна дIа ца делла, дегIаца ницкъ баран тоьшаллаш гуш хиларна. Зазадоккху-баттахь и шиъ дIалацарах а, верах а дерг тешаша динчу тоьшаллашна тIе а тевжаш, дийцира бакъонашларйархоша.

Хьалха-Мартан тIехь хиллачу рейдашца нисделира Гатаев Ахьмад дIалацар. Цигахь, наха дийцарехь, гIуран-беттан 11-гIана хьалхарчу буса Росгвардин рецедивисто некъан полицин белхалочуьнца дов даьккхира. Дов латарца, герц кхоссарца чекхделира. ТIаьхьо цу девнехь дакъа лецира кхечу ницкъахоша, йуххьехула тIехбовлуш нисбеллачара а. "Кавказский" узел"- гIирсо бахарехь, цу дийнахь 20 гергга стаг дIалецира. Ницкъахоша церан телефонашкахь лехнарш цу девнан видеош йара.

Гатаев вийнийла цуьнан йуьртахошна гIуран-беттан чакхенгахь пIераскан ламазехь хиира. Меттигерчу маьждигехь цунна лерина ламазаш дира. "Мемориалан" хаамашца, тезет цунна ца хIоттийра, амма уллорчу гергарчарна иза дIаволларна гергахь хила магийра. Духаев дIавуллуш санна, ницкъахоша Iуналла а деш.

Гатаев Ахьмадна дуьххьара йеш йацара и тайпа ререссеш. 2013-чу шарахь 18 шо кхаьчна кIант социал-машанашкахь комментареш йарна, цабезам, мостагIалла бехке лаьцна, жоьпе озийра. "Мемориало" дийцарехь, кIант Iазапаш лелош, хьийзинера. ДIахецначул тIаьхьа шена бина ницкъ бахьана долуш иза хийцавелира, адамех къехка вуьйлира: ша "джинашца тайна" хиларх кхоьруш, КъурIан дешарца шена дарба деш а вара.

Адаман бакъонашларйаран "Мемориал" центран кхеташонан декъахочо Малыхин Владимира редакцица хиллачу къамелехь дийцира, Гатаев вер цо социал-машанашкахь динчу косташца доьзна хила тарло аьлла.

"Хьалха- МартантIера рейдаш масех дийнахь лаьттира, дIалаьцначийн терахь иттанашкахь хьаладелира, билггал уьш мел бара "Мемориална" хууш дац. Вайна ца хууш кхин а зен хилларш хила тарло. Гатаевн йуьртахоша дуьйцу, цо социал-машанашкахь цу Хьалха-МартантIерчу рейдех хаамаш бира, бохуш. Цундела хета тхуна, цуьнан валар цу хиламашца боьзна бу, аьлла",- билгалдаьккхира бакъонашларйархочо.

ГIуран-беттан 11-хь, сарахьо Хьалха-МартантIе эскархой балийра. Цул тIаьхьа шина кIирнахь меттигерчу полицино шен - шен хенахь "низам латторан, ДТП цахилийтаран, профилактикан белхех" дIахьедарш дора. ТIеман духаршца а, туьтмIаьжигашца болчу эскархоша машенашкахь болучеран кехаташ толлура.

 

Малыхина дийцарехь, и тайпа, йогIуш йоцу реакци йаран ши бахьана ду. Цкъа делахь, массийтта шарахь Нохчийчуьра Iедалхой шайна ма-хеттара, цхьаннах кхоьруш боцуш, дерриге шайна магадина, бахархошна хетачун цхьа а чот ца йеш, лелар - къаьсттина, нагахь уьш Кадыров Рамзанан омраца лелаш белахь. ШоллагIа делахь, къамелахочунна хета, Кадыровс боккъал а и тайпа омра деллера, цуьнан цу девнна хилла реакци лартIехь а йацара.

"Дов долийнарш бара жоьпе озон безарш, амма куьйгалхочо бехке бийриш махкахой бу, царна карателан-акцеш йеш. Стенца йоьзна йу и тайпа реакци, дикка кхеташ дац. Регионан куьйгалхо и тайпа реакцеш йо стаг хилар а, цуьнан куьйгаллехь берш муьлхха цуьнан хьерадаьлла омра кхочушдан кийча хилар а, тIех кхераме ду",- олу Малыхина.

Нохчийн бакъонашларйархочо Янгулбаев Абубакара боху, республикехь Кадыровн олалла чIагIдаларо лачкъийна бигначеран хьелех дерг хаа таронаш йанне йац, йа бакъонашларйархойн а, йа мехкан жигархойн а. Цу декъехь ду Духаевн, Гатаевн кхалхар а.

"Хьалха-МартантIерчу хиламашца доьзна ду, дац Гатаев Ахьметан гIуллакх, билггал алалур дац. Дов хиларан бахьана хIун ду. Нийса ца хила тарло жамIаш. Адаман бакъо эшорехь хилларш ша бала хьегначуьнца йа цуьнан гергарчаьрца дийцина, нисдан деза. Ткъа уьш таханлерчу дийнахь [бакъонашларйархошца зIене бовла, къамел дан ца хIуьтту",- дуьйцу къамелахочо.

"Сталинан кепашца билгалйоху Iалашонаш"

Дечкен-баттахь адамаш лечкъоро керла могIа болийра. Нохчийчуьра Iалхан-гIалара Соьлжа-гIала 20 гергга стаг дIавигира. Кавказ.Реалии сайтаца къамеле бевллачара дийцарехь, дIабигнарш экстремизм бахьанца дIалаьцна бу.

 

Iалхан-гIалара нах дIабигарах дийцира оппозицехь йолчу телеграм-каналаша: 1АДАТо бархI стеган цIераш йовзийтира, NIYSO канало - лачкъийна 14-на цIераш йехира. Итт де даьлча, "Мемориал" центро 25 стаг дIалаьцна аьлла, хаам бира. Царна йуккъехь кадыровхоша хьалха дIабигина хилларш бара.

Царех цхьаннан гергарчо Кавказ.Реалии сайте дийцира, мел лахара а кхаанна, Iедалхошна критика йарна, луьра таIзараш дарах. Хьостанан хааме ладоьгIча, божарий цкъа РОВД-н ларми чохь латтийра, йуха дечкен-беттан 9-хь экстремизмана дуьхьалло йечу Центре дехьабехира.

МартантIехь а, Iалхан-гIалахь а хилларш санна, нах лечкъош, дIахьошйолу рейдаш даимна а цхьана сценарийца нисйина хуьлу, дуьйцу Янгулбаевс.

"Шайн Iалашонаш билгалйохуш Сталинан кепаш лелайо цара: стаг билгалвоккхий, цуьнан телефонера чаташ а, контакташ толлу. Йуха моггIара цу дIалаьцна латточун бевза-безарш схьагулбан буьйлало. Церан телефонаш а толлу иштта. Дерриге церан къамелаш, чаташ кегош. Полицин карайоьлху и телефонаш, амма церан уьш талла бакъо йац. Иштта вовшахтуху керла тоба. Царна тIехь а изза болх бо. Йуха уьш а дIабуьгу. Цаьрга а, таIзарш деш, керлачийн цIераш йохуьйту, кхечеран адресаш а",- кхетош дуьйцу къамеле ваьллачо.

РогIерчу "зIенашца" Iедалхоша адамаш лечкъорах бакъонашларйархоша дийцира дIадаханчу шарахь товбецан-беттан чакхенгахь. Соьлжа-гIалара вахархо Дадаев Ризван вайча. ТIаьхьо социал-машанашкахула видео йаржийра. Цу тIехь шаьш ца гойтучу наха жимчу стаге хеттарш дора. Цо ша цхьана стагаца "уьйр" лелон дагахь вовшахкхета барт беш вара боху. ШоллагIчу дийнахь Нохчийчохь кхин ши стаг тIепаза вайна олий хеза - уьш Дадаев Ризванан телефончуьрчу контакташкара хуьлу.

"Къайлах цIе йоцчу коша вуьллур ву"

Гатаев Ахьметан, Духаев Гиланин къайлах кешнашкахь дIабохкар - нохчийн Iедалхоша лачкъабина, байъинчарна дешдерг ду, билгалдоккху Малыхина.

"Нохчийчуьра тезеташ йаккхий хуьлу, дуккха адам догIу стаг веллачу. Гергарнаш, доттагIий, бевзарш, лулахой. Адам даларан бахьаанаш дуьйцу, вовшашлахь къамелаш до, хаамаш дукха сиха баьржа. Къайлах стаг дIаволлар и дерриге ца хуьлуш, чекхдолу. Кхалхар масех делахь-м мухле а. Уллорнаш кхерабелла хуьлу, лулахошна а, генарчу гергарчарна тIаьхьо бен хилларг хаа ца хаьа, цундела хилам гIара ца болуш, буьсу",- дуьйцу къамелахочо.

И тайпа къайлах тезеташ хIитторан а, декъий къайладахаран а кхин цхьа Iалашо а йу, боху Малыхина: " Йукъараллина беш хаам бу и: Iедална дуьхьалонаш ма лелайе, Iад ца Iахь, иштта хир ду шуна а - йа тIепаза довр ду шу, йа чурт тIе цIе ца йазйеш дIадухкур ду, дицдийр ду."

Масала, иштта нисделира Соьлжа-ГIаларчу тобанехь "уьйр" лелош гучубевллачаьрца. Оханан-беттан йуккъехь интернетехь суьрташ а, видеош а гучуевлира, ши стаг, ши зудий наркотикех тера цхьа молханаш лелош, вовшашца тобанехь "уьйр" латтош. Редакцин белхалочуьнца къамеле ваьллачо дийцира, царех кхоъ дийна хиларх, уьш Дишни-Веданарчу кешнашкахь къайлах дIабохкарх. "Скорая помощь" машенаца дIа а бигина. Царна Iуналла деш полисхой болуш. Шиннах цхьа йоI нохчо цахиларна, дIахецнера бохуш.

Нохчийчохь къайлах нах дIабихкар йукъадаьккхина массийтта шо ду, боху Малыхина, - иза иштта дойтуш ду, нагахь белларш "Iедалхойн белхалоша латтийначу Iазапах" дIакхелхинехь.

Бакъонашларйархочо Янгулбаевс билгалдоккху, адамийн бакъонаш эшоран кхоччуш дика мониторинг Нохчийчохь цкъачунна цхьамма йеш йац. И далуш дац. Цундела хиламийн бакъдолу терахьаш ца девза, жамIаш дан таро йац.

2017-чу шарахь "Новая газета"-хь журналистко Милашина Еленас шен талламан агIонаш йовзийтира. ГIуллакхаш кхелашкахь теллина доцуш, байъинчу нахах лаьцна. Церан цIераш иттанашкахь дIайазйина йара. 27 стаг. Ницкъахоша Соьлжа-гIаларчу цхьана базанан кертахь герз тухуш байъина, йуха къайлах цхьацхьанарчу кешнашкахь дIабоьхкина нах. Кериста кешнашкахь цхьана. Милашинас бинчу талламца, уьш 56 стаг хила тарлора.

2022-чу шеран чиллин-баттахь Соьлжа-гIаларчу аэропортера Беслане боьлхуш новкъахь тIепаза байра Къилбаседа ХIирийчуьра йахархо Гаглоева Римма а, иза эцна воьдуш хилла гIалгIайн таксист Арсанов Адам. Гаглоевн вешин кIанта шен дейиша лачкъайар нохчийн Iедалхойн бехк лерира. Нохчийчохь пал тосурш, бозбунчаллаш лелориш дIалийцарца доьзна ду аьлла хета шена аьлла. Цо дийцарехь, иза "бIаьрг хиллачунна дарба деш" йара. ХIинца а каронза ду и шиъ.

ООН-н адаман бакъонийн комитето лахьан баттахь Оьрсийчуьрчу хьолах ша динчу докладехь билгалдаьхна Къилбаседа Кавказехь адаман бакъонаш эшоран масаллаш: лаамза нах тIаме хьийсор, мобилизацина дуьхьало йинарш хьийзор, адамаш лечкъор, нахана Iазапаш дар, ЛГБДТ-нехан бакъонаш эшор, бакъонашларйархой, журналисташ болх бан цабитар, "сий лардеш нах байъар", хIоттамашкахь жоьпе ийзор, зударийн могушалла х1аллакйеш операцеш йар.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

В России назвали подвигом победу Рублева на "Мастерсе" из-за болезни






Как российские турбины потеснили Siemens

Северянка Лада Еськина – бронзовый призер первенства России по боксу

Жителям Подмосковья напомнили про добровольное страхование жилья

Два автомобиля столкнулись на Северо-Восточной хорде МСД