Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2025
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24 25 26 27
28

"ХIара дирзина дац". Керла БухIан-Йуртахь адам хIаллакдарна таIзар ца ден 25 шо а ду

0
Соьлжа-ГIалина гена йоццучуьра Керла БухIан-Йуртахь Оьрсийчоьнан эскархоша дуккха а маьрша нах байъина 25 шо дуьзи чиллан-беттан 5-чохь. ЦIий Iанош цигахь адам хIаллакдар хIун дара? Муьлш бу байъина нах? ХIара а, кхиндолу а хеттарш дийцаредира "Хроника Кавказа" подкаст дIахьош волчу Вачагаев Майрбека бакъонашларйаран "Мемориал" центран кхеташонан декъашхочуьнца Черкасов Александрца.




— ХIара зулам дале чиллан-беттан 5-гIа де тIекхаччалц хIун хьал дара Нохчийчохь?


- 2000-чу шеран чиллан-беттан йуьххьехь Соьлжа-ГIала Iалашйеш хилла нохчийн дакъош къайлах гIаличуьра арадевлира.


Шина тулгIеца – дечкен-беттан 31-чу буса а, чиллан-беттан 1-чу буса а – Заводской кIоштара Iалхан-ГIала боьдучу новкъа арабевлира уьш, цигара дIа лаьмнашка гIоьртира. Чиллан-беттан 2-чохь федералан эскархой кхийтира, Соьлжа-ГIалара даккхий дакъош арадовларх, тIаккха царна тIаьхьа бевлира уьш.


Ткъа чиллан-беттан 4-чохь гIали чохь талламаш дIабаьхьира. Аьлча а, федералан эскарш а, чоьхьарчу эскарийн ницкъаш а, ОМОН а тIаьхь-тIаьхьа чу йеара, цара дIалоьцура, хIинццалц и Iалашйеш чохь лаьттинчара дIатесна гIалин кварталаш. Кхечаьрца цхьаьна «зачисткаш» йолийра Заводской кIоштара Керла БухIан-Йуьртахь а.


Цигахь хилира баккъалла а бохам – ирча зулам дира цигахь. И «зачистка» дIахьочу заманчохь, тхоьгарчу хаамашца, мел лахара а 56 стаг вийра. И зулам тахана а листина дац, и динчу нахана дина таIзар а дац.




Иштта Оьрсийчоьно Нохчийчохь бинчу хьалхарчу тIеман бтилгало хилла дIахIоьттира СемаьIашкахь динарг а, цигахь, мел кIеззиг а, 103 стаг вийра. Ткъа Керла БухIан-Йуртах Оьрсийчоьно Нохчийчохь бинчу ШолгIачу тIеман билгало хилира. ХIара, шеко йоцуш, цхьаъ бен доцу зулам дацара, амма дара, уггар а доккхачух а, шуьйра гIарадаьллачех а.


- Къасьттина Керла БухIан-Йуьртахь и хилар стенца доьзна дара?


- Иштачу меттигашкахь ларамза нисдалар а хуьлура. Иштта нисделир-кх, зIенах дастаделлачу цхьана декъо нах байъар. Тхуна билггал хIинца а хууш дац, уьш муьлш бара. Питерера ОМОН хила а тарло, эскаран дакъа хила а тарло.


Ма-дарра дийцича, оцу тайпа хIума, масала, Соьлжа-ГIалара Старопромыслан кIоштахь а нисделира 1999-чу шеран гIуран-баттера схьа.


КIоштан доккхаха долу дакъа федералан эскарша дIалаьцна дара, чоьхьарчу эскарша лецира кхин а хьалха. Цигахь къоланаш дора, нах бойъура, лечкъабора, къайлабохура. Иттаннашкхаь нах дIабайра, царах хIун хилла а ца хууш. Заманан йохалле дIадахделира ишта хьал. Ткъа Керлачу БухIан-Йуьртахь тIеман барзакъ доьхна нах эвлахула чекхбовлура, шайна тIаьхьа дагийна цIенош а, декъий а дуьтуш.


Байъина нах кхин а алсам хила тарлора, Чадаева Асет, лор-йиша, керташкахула чекх ца йаьллехь. Цо нахе олура: арадовла чуьра, арадовла. Адамийн тобанашна тIе ца йиттира. Вуьшта, дуккха а нах хIаллакбина хир бара хIусамаш чохь.


— И нах байъар цхьана хIумана дина дара олийла дуй?


— Герзаш диттинчарна, шаьш гIарадовла ца лаьара аьлла хета суна. Дагийначу цIеношна хьалха суьрташ даьхна хир дара. Амма царна ца оьшура тешаш – цундела тобанашкахь гулбеллачарна герз ца диттира цара. ТIаьхье йитар ца оьшура царна билггал.


Царна хӀуъа а дан мегаш ду. Уьш гӀали чу битинера, цигахь мостагӀий бу аьлла, амма мостагӀий бацара


Ханкала агӀорхьара гӀалин ладамечу декъах чекх а бевлла, Минутка [майданехула] охьа а бевлла, Керла БухIан-Йуьрта кхаьчнера уьш. ХӀаъ, гӀала кестта чекхйер йара, цундела ишта шайн самукъа даьккхира цара.


Иза леррина динчу омран жамӀ хилла хир дацара. Мелхо а, йукъарчу хьежаман а, хецна битаран а тӀаьхье йу иза. Юкъара хьежамаш бара: гӀалахь мостагӀий бу, аша хIуъа а дахь а, шуна хӀумма а дийр дац бохуш. Ма-дарра аьлча, цхьанна а [Оьрсийчоьнан эскарера] дина таIзар дац оцу зуламна.


— И зулам талланза хIунда дитина?


— Цхьанна а ца лиира и талла. Цигахь дуккха а нах байъарх а Iедалхошна гIараделира чиллан-беттан 10-чохь, оццу кIоштахь Рязанера ОМОН-о йуха а "зачистка" йеш. Цара дIахаийтинера, оцу меттигехь байъинчу нехан декъий ду аьлла. ТIаккха а таллам болийра моьтту хьуна? Къасто гIиртира, оцу кIоштахь чиллан-беттан 4-5-чохь зачитскаш хьан йинера.


Цул тӀаьхьа, тхан дехаршна жоп луш, Ӏедалша картанаш иэдора. Чиллан-бутт болалуш оцу кӀошташкахь хилла йолу изза Петарбургера ОМОН Рязанан кIоштара ОМОНца дIаэйира цара. Эскархойх лаьцна дийццане а ца дийца гӀертара уьш.


Цхьана хеначохь, Петарбургера ОМОН йоьзна хила тарло аьлла, гучудаьлча, Санкт-Петарбурге хьажийначу цхьана нохчийн талламхочун инициатива, хетарехь, йеккъа цхьа формалан гӀуллакх санна, цхьанна а хьашт ца хилира. Амма иза лела ма-веззара лела волавелира. Петарбургерчу ОМОН-ан белхахойн фотоальбома тIера суьрташ йуха дахийтира цо.


Цуьнан командировка а чекхъйаьллера. ДIаваккха а кхерам лаьттара цунна. Амма хIетта а къар ца луш белхаш бора цо. ТIаьхьа и фотоальбомаш тешашна дIагайтира. Цхьа ОМОНхо вевзинера нахана. Билггал нийса вевзинерий царна – хууш дац.


И лаца а гIоьртинера, амма иза ведда велира. ЛартIахь таллам бина а бац. ЧIагIдора, «зачисткаш» йечу хенахь Питерера ОМОН-н кхечу декъехь хиллера иза бохуш.


ТIаккха? Цуьнан алиби ду? Хаац. Амма иза мел а боккха кхиам бара, официалехь Оьрсийчоьнан юстицино оцу талламехь бина. Питерера ОМОНах таллам бан гIиртира. Иза а дацара лаккхарчу Iедалхоша динчу омраца, аса йуха а боху, оцу бакъволчу талламхочун инициативаца дара. Цунах а гIуллакх ца хилира. Ишта хIума ду-кх. Ткъа цул тIаьхьа байъинчу нехан гергарнаш Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле бевлира.


— Аша а, кхинболчу бакъонашларйархоша а листирий и зулам? Хьуна хууш долчьунга ладоьгIча, цхьана а кепара шансаш йац и зулам дайтинарш а, динарш а жоьпалле озабайта?


— Гой хьуна, хIетахь, 2000-чу шеран Iай, Оьрсийчоьнан Iедалхоша дуккха а хIума дира, цунах лаьцна ца дийцийта.


Бакъдерг ду хьуна, 2000-чу шеран чиллан-баттахь йоккха скандал иккхина хилар. Цхьана немцойн журналисто йовзийтинера, цо дийцарехь, ГихтIахь а, Гихчохь а дӀахьочу эскархоша лелочух лаьцна ша дIайазйина видеош. Амма бакъдерг аьлча, иза вацара видеош йаьхнарг – стрингер, журналист волу Блоцкий Олег вара. Цуьнгара бехкаш дехира: "Нехан материалаш шайн йолуш санна дIагойту аш, шу массо а харцдерг дуьйцуш ду" бохуш.


Ала догIу, журналистийн йукъаралла тапъаьлла Iийра. Оха тхаьш йаьхна видеош ма йацара тхоьгахь. БухIан-Йуьртара нахан шаьш дIайазйина видеош йара уьш.


Ткъа суна дагадогӀу, 2000-чу шарахь зазадокху-баттахь Парижехь а, цул тӀаьхьа Страсбургехь а дуккха а къахьега дийзира, оцу видеошна легализаци йеш. ХIуъа дина а цаьрга хьовсийта лаьара, цара церан терго йан а. Амма уьш а динчу зуламех а, зулам динчу меттигехь дIайазйинарш а йара. Иза лелийнарш цигахь бацара. Цхьацца ларш бен ца йисира. И зулам динарш бацара царна тIехь. Цхьа лараш бен йацара йисина.




Ӏедалша цхьаьна болх ца бира талламца. ХӀаъ, буьйранчаллин зIенах кхеташ ду: оцу эскархошна тIехь мила лаьттина а, оцу ницкъахошна тIехь мила хилла а, жоьпаллехь мила ву а. Амма таллам бина бац.


Делахь а, аса ала деза, ишттачу хьелашкахь жамӀ дуккха а шераш даьлча гучудолу, даймахкахь гучу ца далахь а.


Масала, Аргентинехь дуккха а нах къайлабахарна Iедалан коьрте диктатурин хунта хIоьттина 20 шо даьллачул тIаьхьа лецира хьалхара бехкевийриг – 1997-чу шарахь, Испанихь. Итт шо даьллачул тIаьхьа хан туьйхира цунна. Амма иза, испанхойн кхело йина хьалхара гIулч йара. Кхин а 15 шо ийшира, оцу зуламшна бекеболу иттаннашкахь эпсаршна Аргентинера кхелаш тIаьхьайовла.


Тахана тIаьхьабовла а, талламбан а гIирсаш бу, цара жамI а ло – нагахь санна, йуьхьаралаьцнарг ца дитахь. Цкъачунна [Керла БухIан-Йуьртан хьокъехь] Европера адамийн бакъонашкахула йолчу хело бина сацам бен бац.


Иза цхьа шатайпа паллиативан нийсо йу. ХӀаъ, зен хиллачарна, аьлча а, Страсбурге латкъам бинчу байинчу нехан гергарчарна компенсацеш йелла. ХӀаъ, Оьрсийчоь бехке лору оцу зуламна а, цунна таллам ца барна а. Амма Страсбурго жоьпаллехь болчу нехан цӀераш ца йоху. Цо тIедожадо къоман Ӏедалшна таллам бар. Ткъа къоман Iедалхоша кху тIехь а, кхечу бIеннашкахь Нохчийчохь хиллачу гIуллакхашца доьзна а талламаш ца бира.


Амма, кхетий хьо, хIара зулам – хIара истори йу жамI хуьлучийн, амма кеста ца хуьлучийн. ШолгIа дуьненан тIом бирзинчул тIаьхьа нацистийн зуламхошна тIаьхьабийлира, лийхира, кхелаш йира иттаннаш шерашкахь. Хетарехь, йерзазчу оццу историна йукъахь хир ду-кх вай а.


— И гIуллакх Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министралло лелош дара? Йа и вовшах а тохале хилла хIума ду и, таллам Оьрсийчоьнан талламхоша беш бара?


— И талламхо, Питерера ОМОНе ваьлла волу, - и нохчо вара. Ас цуьнца къамел дира хIетахь прокуратурехь. Амма бара оьрсийн талламхой а… Цхьаъ муххале а вара. Делахь а, иза а хIеттахь вийра. Вуьшта аьлча, система йара хIара.




Кхетий хьо, атта дац системина дуьхьал вала. Суна дагавогIу, цхьа догуш бIаьргаш долу тIеман прокуроран гIоьнча. Иза гIоьртира цхьана дийнахь «зачисткаш» дIахьош Устрада-ГIалара нах тIепаза бар талла. Эхашарна бен ницкъ ца тоьира цуьнан.


ХIун дало хьжа гӀорта мегар ду, амма система, йерриг пачхьалкх, таӀзар доцуш вовшахтоьхна машенаш болх беш хилча, тӀаккха чӀогӀа хала ду цу хӀуманна дуьхьало йан. Страсбургехь нохчийн гӀуллакхашкахула динчу гергарчу хьесапехь 300 сацамах цхьа а бац Оьрсийчохь эвсара теллина.


Нохчийчохь гергарчу хьесапехь тIепаза вайначу 4000 стеган хьокъехь Оьрсийчохь кхелан биъ бен сацам бина бац. ТаӀзар ца деш хилар – 99,9% ду. Амма иза бохург дац, [зуламхой] паргIат хила беза, дерриг а сацийна ду аьлла.


Цхьа а вицвелла вац, хӀуммаъ дицдина а дац. Иза Нохчийчоьнах а хьакхалуш ма ду.


— Москвано Нохчийчоьнан Iедале хIиттийна Iедалхой муха хьуьйсура талламбаре?


— Нохчийн Iедалхой хIетахь, ма-дарра аьлча, жимма йуьстах лаьттара. Уьш йукъагIоьртина цхьа гIуллакх девза суна: 2001-чу шеран марсхьокху-баттахь Iалларойхь вайра Кадыров Ахьмадан шичин кIант. Эххар а, кхин дIоггара гIара а ца доккхуш, таIзар дира бехкечунна. Суна дагадогIуш ма-хиллара, шайн аьтто мел болчу административан гIирсех пайдаийцира цара, нийсо толуьйтуш. Амма цигахь а, шеконаш йерг маьршаваьккхира.


Йуха а ала лаьа суна, Кадыров Ахьмада шен административан ницкъийн дозанехь дина дара и хӀума. Ткъа и гIуллакх а цуьнан доьзалх хьакхалуш дара. Кхечу гӀуллакхех лаьцна хӀун эр ду ахь тIаккха? Нохчийн Ӏедалхой хӀетахь, 2000-чу шерийн йуьххьехь, йукъарчу хьесапехь аьлча, ницкъ боцуш бара.


***


Подкастехь дийцаредечу хеттарех лаьцна кIорггера хаа лууш волчунна, хьоьху: "Керла БухIан-Йурт, 2000-чу шеран чиллан-беттан 5-гIа де: хаа а хууш, маьршачу нахана дуьхьал лелийна зуламаш" таллам бовзар.


Йазло Кавказ.Реалиин сайтера "Кавказская хроника с Вачагаевым" подкасте, ладогIа Apple Podcasts – Spotify – YANDEX MUSIC – YOUTUBE, ишта кхечу дуккхаъчу аудиоплатформаштIехь а.




 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Теннисист Рублев поднялся в рейтинге ATP на восьмое место






Стартовал прием заявок на проект «МедиаПритяжение» от «Движения первых»

Собянин: Москву посетили рекордные 26 млн туристов в 2024 году

Нутрициолог Петрова раскрыла риски вреда кокосового масла для организма

Полноприводный внедорожник в стиле Land Rover Defender. Как поменялась цена на Jetour T2 за год с момента выхода