Нохчийчоьнан аэропорт – ца ваьлла бен некъ
Луларчу мехкашкара гIуьтту кеманаш гIолехьа стенна хета Нохчийчуьрчу бахархошна? Соьлж-ГIалара аэропорт шоръян сацамбина Iедало. Мехкан премьер-министра Хучиев Муслима дийцарехь, мах бу оцу белхан 15,5 миллиард сом. "Лакхара хир ю керлачу аэровокзалан таронаш, шарахь цигахула чекхвалалур ву 1,5 миллион пассажир", - хаам бина Хучиевс Мангал-беттан 3-чу дийнахь. Балханна бух кечбина бер бу шо гергга хан яьлча, ткъа ша реконструкци яхлур ю 2024-чу шарралц. Проекте инвестицеш яхка лаам къадийна массех дуьненаюкъарчу фондо... Читать дальше...