Колонехь ницкъ бинчу тутмакхе къинтIера валар дехна ФСИН хьаькамо
Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдаран федералан сервисан (ФСИН) куьйгалхочуьнан когаметто Максименко Валерийс къинтIера ваьккхина Ярославлан кIоштарчу колонехь белхахоша къиза хьийзийна волу тутмакх Макаров Евгений. Цунах лаьцна хаам бина "Говорит Москва" радион эфирехь. Хилларг бахьана долуш Максименкос иштта къинтера довлар дехна Макаровн гергарчаьрга а, ша юьхьIаьржа ву шайн белхахоша лелийнарг бахьана долуш аьлла. Стохка Мангалан-баттахь Ярославлан кIоштарчу №1 колонехь кIиза йиттинера цигахь хан токхучу Макаров Евгенийна. Читать дальше...