Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Апрель
2018

Новости за 18.04.2018

Чайка: "Даймахка верза дагахь хиллачу Березовскийна мархдаьлла ша лелийнарг"

Radiomarsho.com 

Литвиненко Александр вен полоний лохуш шен Березовский Борисан аьтто хир бацара, Британин къайлахчу сервисашца цхьана болх бина цо, цундела Даймахка юхаверза дагахь хиллачу цунна "шена хьовзаме даьлла цаьрца юкъахь хилар" аьлла Федерацин Кхеташонехь Инарла прокуроро Чайка Юрийс. "Полоний дIавшан доккхахдолу дакъа Березовскийн Лондонерчу офисехь карийнера. Ма дарра аьлча, Березовскийн ницкъ тоьар бацара полоний каро а, доцу тоьшаллаш гулдан а. Къайлахчу сервисийн гIоьнца лелла иза", - аьлла прокуроро. Читать дальше...

RT телеканалан программаш толлур ю Британин Ofcom-о

Radiomarsho.com 

Британин Ofcom олучу телекоммуникацийн регуляторо ворхI талламан гIуллакх долийна Оьрсийчоьнан RT (Russia Today, Оьрсийчоь Тахана) компанино беш болу болх хьокъехь. Цу телеканало дуьйцург озабезам бар хьокъехь хьакъ ма-дду цахилар хааделла медиарегуляторна. Цунах лаьцна хаам бина Би-Би-Си-но. Иза хьакхалуш ду керланех а, Оьрсийчуьрчу цу телеканало хIора денна гойтучу программех а. ХIинццалц цу тайпа кхачамбацарш хиллехь а, дукха тIех ца яьллера RT Британера хьал дуьйцуш. Амма Солсберехь шалха агент хиллачу Скрипаль Сергейна а... Читать дальше...

Аьхкенна кечам болийна "Ведучехь"  

Radiomarsho.com 

Кху шарахь Мангал-беттан 24-чу дийнахь болалучу аьхкенан муьрана кечам болийна "Ведучи" курортехь. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфакс-Туризм" портало, "Курорты Северного Кавказа" (КСК) акционерийн юкъараллан зорбанан сервисана тIе а тевжаш. "Ведучин" администрацин декъашхой дагахь бу цу курортехь аьхкенан кинотеатр схьаелла а, вилспеташ мехах лело ло пункт схьаелла а, цхьацца спортан ловзарийн зона кхолла а, говрашкахь а, квадроциклшца тураш вовшахтоха а, иштта дIа кхин а. "Курорты Северного Кавказа"... Читать дальше...

ХIун дан деза "Оьрсийчоьнан Почтехула" хьажийна хIума яйъича?

Radiomarsho.com 

Назим Магомедов   ХIун дан деза "Оьрсийчоьнан Почтехула" ахь я хьоьга хьажийна хIума яйъича? КIиранашкахь сатуьйсу ахь. Ботт яьстина, йохийна, чуьраниг яйна, я дахьийтина кехат дешна карадо. "Оьрсийчоьнан Почтанера" кест-кеста долу олий дуьйцу сакхташ ду уьш. Цкъацкъа беламе дерг а нисло. 23 шо долчу Черкесскерчу Трофимова Дарьяс кест-кеста цхьацца хIума оьцура пачхьалкхал арахьарчу интернет-сайташкахула, амма даима а ца кхочура уьш схьа. "Почтан зIенах" цIе йолчу низаме ладоьгIча, операторша... Читать дальше...

ТIеман-Гуьржийн некъаца тоннел йийр ю гуьржаша

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнан Iедалша тоннел йийр ю Оьрсийчу боьдучу ТIеман-Гуьржийн некъаца, хаам бо newsgeorgia сайто. Цуьнан йохалла хир ю 9 километр. Цу гIуллакхо машенашца дIасалелачу нахана мелла а кхерам а лахбийр бу, некъ бац а бийр бу. Тоннел дакъа ду гуьржийн Iедалша бийр болчу керлачу некъан. Иза йийр йолуш ю ЖаIаран олучу лам баккхаран гергахь. ТIеман-Гуьржийн некъ историн цIе Къилбаседа Кавказера Тбилиси боьдучу некъан.

Шира хьер ю болхбеш тахана а

Radiomarsho.com 

Тевзанахь лаьтта яхначу заманера Iаламат. Хьалха санна жигара ца даккхахь а, бахархоша дама, ахьар доккхуьйту цигахь. Хьер лелочу Элаха ден ахьар вуно чоме хуьлу, боху наха. Иза мерза нисло, хин-хьерахь доккху дела а, хьаьжкIаш био-цIена кхиийна йохьуш хиларна а, боху хьархочо.

Путинан хьал долу гIашсалтий

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думехь лаьтта депутаташ халла хене бовлу, 390 эзар сом баттахь а оьцуш

2018 шо чекхдалале Facebook дIакъовла мега Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

ХIара шо чекхдалале Facebook-на таллам бан дагахь ю Роскомнадзор урхалла. Нагахь Оьрсийчоьнан Iедалша социалан машанаш болх бар хьокъехь юкъабаьхна билламаш кхочуш беш ца хилахь, цунна блок хIотто мегаш ю. Цунах лаьцна "Известия" газетана ша еллачу интервьюхь дIахьедар дина цу урхаллан куьйгалхочо Жаров Александара. Цо дагардина 2018-гIа шо чекхдалале Facebook-о кхочуш дан дезарг. Царна юкъахь ду Оьрсийчуьрчу бахархойх лаьцна информаци меттигерчу сервершна тIехь латтор а, Iедалша йихкина йолу информаци дIаяккхар а... Читать дальше...

ТIом чекхбаьлла, ткъа блокпосташ лаьтта

Radiomarsho.com 

Исаев Руслан Пачхьалкхашна юкъахь санна къевлина кхобу Къилбаседа Кавказерчу республикийн дозанаш Шогга лардо Оьрсийчоьно шен мехкашна юкъара дозанаш. Республикийн кевнашкахь лаьтта полицин а, Росгвардин а ницкъаш. Махбалехьа, Нохчийчоьнан агIор некъаш дIа мел оьху а, чIагIйинчу гIопех тарлуш, алсам дуьйлу хаш. Дозанах дехьа моссаза волу а хетало мехкаш вовшашца цкъа а кхачалуш боцчу тIамехь бехаш. Оцу юккъехула дуьйцу Iедало ша тIемашца дерг диканца дерзийна олий, хестайо ша соьмийн миллиардашца кхиош йолу туризм. Читать дальше...

Гергарчу хенахь Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш кхайкхор яц Iамерко

Radiomarsho.com 

Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан администрацино хаам бина, Оьрсийчоьнан Вашингтонерчу векалалле, гергарчу хенахь керла санкцеш кхайкхо дагахь яц Iамерка аьлла. Цунах лаьцна "Интерфакс" а, ТАСС а, РИА Новости а агенталлашка хаам бина цIе ца яьккхинчу Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало. Буьйцург муьлха мур бу къастош дац.

Иракъехь яллалц чуйоьллина Дагестанера ши зуда

Radiomarsho.com 

Иракъерчу суьдо шинарин дийнахь, "Исламан пачхьалкх" тобанна юкъахь хилла аьлла, кхел кхайкхийна Оьрсийчоьнан шина махкахочунна Дагестанера схьаяьллачу Исмаилова Алисина а, Магомедханова Эльвирина а. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Гергарчу Малхбалехь а, Къилба Африкехь а волчу векало Сабсаби Зияда. Хьалхо Иракъерчу Al-Sumaria телеканало хаам бинера, цу пачхьалкхан Коьртачу криминалан кхело Iожалла тIекхаччалц (яллалц) аьлла набахте а хьажийна, ен суд а йина кхечу пачхьалкхашкарчу 7 зудчунна аьлла. Читать дальше...

Эрмалойчоьнан депутаташа мехкан Iедалан да хаьржина Саргсян

Radiomarsho.com 

Эрмалойчоьнан парламентан депутаташа премьер-министр хьаьржина, Оханан-беттан 9-чохь президентан дарж дитина волу, Саргсян Серж. Иза цу дарже ца хIоттийта Iалашонца дуьхьалонан акцеш яра Ереванехь дIайоьлхуш. Оппозицино кхайкхара махкахошка бархатан революцв ян арадовларе. Царна хетарехь, иза оьшуш ю махкахь демократи хилийта. Охан-беттан 7-чохь парламентан 76 депутато,17 дуьхьал а волуш, кхаж а тесира Саргсян Iедале юхаверзо.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андре Агасси

Не ходите, дети, в теннис: как Андре Агасси и Штеффи Граф подарили детям право выбора






50 дней без еды. Россиянин выжил после голодовки

Врач Тяжельников рассказал, какие напитки нельзя пить в жару

Синоптики спрогнозировали еще один жаркий день с грозами в Москве 2 июня

В Москве презентовали медали и экипировку VIII игр «Дети Азии»