Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Май
2018

Новости за 03.05.2018

Титиевн латкъам луьстур бу кхело Стигалкъекъа-беттан 4-чохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелехь еарин дийнахь листа безаш бара Титиев Аюбан гIуллакхехула суьдо бинчу сацамна цуьнан гIо лоцучу агIоно бина латкъам. Амма иза таьхьатеттира кхело цхьана денна. Бахаьана дара Титиевн адвокатех цхьаъ волу Новиков Илья кхелан кхеташонехь ца хилар. Титиевн адвокаташа динчу дIахьедарца, аппеляци хьокъехь кхеташо маца хир ю шен хеннахь хаийтина ца хилла цаьрга. Цу гIуллакхо Титиевн бакъонаш йохайо, аьлла хета адвокаташна. Кхело бинчу сацамца, Титиевн латкъам луьстур бу пIерасканан дийнахь. Читать дальше...

Тешаме «молха» - гергарнаш хьийзор

Radiomarsho.com 

Шен къизаллица дуьненна а вевзаш ваьхначу Сталин Иосифа а олуш хилла, «воIа кIантах жоп ца ло». Амма Оьрсийчуьрчу, къаьсттина Нохчийчуьрчу дахарх тахана хьакхалуш дац и алар – шайн критикаш церан гергарнаш хьийзорца дIасовцо марзделла, масала, Кадыровн Iедал. Дуккха бу и тайпа хиламаш.

Шемахь, ши пилот а леш, доьхна Оьрсийчоьнан Су-30СМ тIеман кема

Radiomarsho.com 

Шемахь чудеана Су-30СМ олу Оьрсийчоьнан тIеман кема. Цу тIехь хилла ши пилот велла. ТIеман министралло чIагIдарехь, кема герз тоьхна чудаийтина дац. Болчу хаамашца, иза дохаран бахьана хила мега мотор чу олхазар кхетар. Оьрсийчоьнан тIеман векалша дийцарехь, Су-30СМ охьадоьжна Хмеймим аэродромера тIемадаьлла дукха хан ялале. Пилоташа катапультах пайда хIунда ца эцна кхеташ дац.

Юха а премьеран дарже хьалхатеттина Пашинян

Radiomarsho.com 

Дуьхьалонан акцийн лидер Пашинян Никол юха а официалан кепара хьалхатеттина Эрмалойчоьнан премьер-министран дарже. Маршо Радион Эрмалойн сервисо бинчу хаамца, Пашинянна гIортор еш 105 депутатах куьг таIийна парламентан 41 декъашхочо.  Керла кхаж тасар хир ду парламентехь кху беттан 8-чу дийнахь.

Яндарбиев Зеламха. Нана.

Radiomarsho.com 

Яндарбиев Зеламха Нана Цхьацца стигал - шина бIаьргахь,  Екхна, сийна, сирла,  Шина стиглахь цхьацца малх а  Суна хьоьгахь гина...  Цаьрца декхаш, цаьрца кхоьлуш,  Гина хIара дуьне.  Тахана а цаьрца хьоьжу  И соь,  Амма тIуьна...

Яндарбиев Зеламха. Ас хьоьга дийцинарш дацара туьйранаш...

Radiomarsho.com 

Яндарбиев Зелимхан ***** Ас хьоьга дийцинарш дацара туьйранаш,  Ас хьоьга кхийдийнарг яцара хIуьттаре:  Малх гIаттон де доцуш, йисина Iуьйренаш,  Малх сацон де доцуш, де диъна суьйренаш.  Беттасин буьйсанаш, седарчийн стигланаш –  Ма гена хиллера, сан даго къийлинарш.  Дахаран анайист дуьненахь лехнарг а,  Шен даг чохь карийча, цунах ца тешнарг а –  Цхьатерра пекъар ву, цхьатерра декъаза,  Къестон а ца оьшуш - хенара, хеназа,  Леха а ца оьшуш – генара, гергара,  Вийца а ца оьшуш – ненера... Читать дальше...

Юсупов Iилман. Мархаш юккъехь беттан къена гуьйриг...

Radiomarsho.com 

Юсупов Iилман * * * Мархаш юккъехь беттан къена гуьйриг Мур а йоьлла, серло къедош Iа... Атта керчи хьан аматийн уьйриг Сан лехаман голаш тIера дIа. Кхача гIерташ къайле йоцчу хайре, Эрна шелби ахь сан ирсан бен: Хьуна гур ма яц сан деган гIайре Сан безаман хIорд жимбелча бен. Къаръян гIортар хьан шеконийн гулар Дарий сан и-м доггах даредар: Хьоь cатийсар - дечиг-пондар булар, Цуьнан мерзех шовкъо пIелг тасар... Деган дилха Iовжо говза хилла Хьан шийлачу дешнийн шокъалеш. ТIаьхье... Читать дальше...

Юсупов Iилман. Саллар

Radiomarsho.com 

Юсупов Iилман САЛЛАР Хьоьх нIаьна ала со ца хIутту, сан хьоме саллар*, Исбаьхьа ойланаш юй хууш хьан коьртехь IаьIна. Комаран диттан гIаш ду-кха хьан баьццара кхаллар, Адамо къобалдан хьакъ ду хьан дахаран маьIна. Iаламат хала ду мах хадон муьлххачу белхан Оцуьнан чаккхенга диллина вар-валар хилча. Цаьцваьлла со хир вуй хаарна хьайн сина велха, Ахь шек а ца болуш, тIеуьйзу Iожалла ирча. Хьайна тIе хаддаза хьерчадеш дуткъа тай къоьжа, Эххар цо хорамбой, хьо цуьнан кIоргенехь ле-кха. Читать дальше...



Саидов Билал. Сан стихе

Radiomarsho.com 

Саидов Билал Сан стихе Цу лаьмнийн баххьашкахь, Йист йоцчу арешкахь, Стигланийн лакхенгахь, Цу хIордийн тулгIешлахь, Лийлира со ца Iебаш, Хьоьца некъ марзбелла, Сайл тIаьхьа лар юьтуш, Хьуна хьалха ваьлла. Со букар хьаьвзина, Эшна де деача, Iожалла сихъелла, Ирча де деача, ХIун дер-те ахь тIаккха, Вай вовшех къаьстича, Кхин хьаста стаг воцуш Хьо байлахь йисича?..

Шемара гIаттамхой дIабоьлхуш бу Димашкъан йистошкара

Radiomarsho.com 

Димашкъан къилберчу гIалин йистошкара дIабоьлхуш бу гIаттамхой. Оппозицин 5 эзар гергга тIемало а, церан доьзалш а дIагIур бу цигара, Iелан тIеман ницкъашца хиллачу барт бар бахьана долуш. Уьш дIатарлур бу гIаттамхоша шайн карахь латточу Шеман къилбаседехьа йолчу кIошташкахь.

Нохчийчуьрчу бахархошка хьажийна видео дIаязйина тIемалоша

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкх" олучу тобано леррина видео яржийна интернетехь, Нохчийчуьрчу бахархошка хьажийна йолу, хаам бо "Кавказ пост" интернетан зорбанан гIирсо, Directorate 4 Telegram-каналана тIе а тевжаш. ""Исламан пачхьалкх" тобанан пропагандисташа шайн видеон хьалхарчу декъехь гайтина, Соьлж-ГIалахь Зазадоккху-беттан 18-чу дийнахь гIаролхочунна тIелеттачул тIаьхьа, полисхоша вийна аш-Шишани Абу Мухьаммад цIе йолу тIемало. Цо тидам тIебахийтина "Исламан пачхьалкх" агIончийн халачу кхолламана, Telegram-каналаш деш долу зе а дуьйцуш. Читать дальше...

Немцовн совгIат дала къастийнчу нахана юкъахь ву Титиев

Radiomarsho.com 

Демократин мехаллашкахьа къийсам дIахьош майралла гайтинчу нахана луш долу Немцов Борисан совгIат дала къастийна 5 стаг. Царна юкъахь ву "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо, цу вовшахтохаралло политикан тутмакх лоруш волу Титиев Оюб. Цуьнца цхьаьна Немцовн совгIат дала мегачу нехан цIейозана юкъахь ву "Мемориалан" Карелерчу декъан куьйгалхо Дмитриев Юрий а, "Солидарность" боламан декъашхо Митюшкина Надежда а, оппозиционер Навальный Алексей а, ткъа иштта Навальныйс куьйггалла дечу коррупцица... Читать дальше...

Кортеж йоцуш ваха мега Путин шен инаугураце

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президент хаьржина волу Путин Владимир шен инаугураце ваха мега, Москох урамашкахула кортеж гонах хIоттийна а ца воьдуш. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло, и мероприяти муха вовшахтухуш ю хуучу хьастана тIе а тевжаш. Кортежах пайда ца оьцуш Путин юхавала мегаш хиларан бахьанаш хууш дац. Президентан инаугураци хир ю кху беттан 7-чу дийнахь. Путина Кремле  а вахана йоьшур ю чIагIонан текст.

Полшера журналист 30 шаранна араваьккхина Оьрсийчуьра

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьра депортаци йина Полшерчу журналистана Мацейчук Томашна. Оьрсийчоьнан Iедалша дихкина цунна 30 шарахь шайн махка юхаван. Стигалкъекъа-беттан 2-чу дийнахь Мацейчук сацийнера Москох "Домодедово" аэропортехь, паспортан контролах чекхволуш. Цуьнга дозанхоша хаам бина, иза "персонана нон грата ю, Донбассехь хиллачу тIемашкахь Украинин националисташкахьара дакъалацарна" аьлла. 2016-чу шарахь ТВЦ телеканалехь "Право голоса" программа дIаязйеш  тасадаларехь дакъалаьцнера Мацейчука. Полшин журналистана... Читать дальше...

Шен захалон сервис кхуллур ю Facebook-о

Radiomarsho.com 

Facebook дагахь ю кестта захало дийца аьтто бон шен сервис кхолла. Цунах лаьцна хаам бина цу социалан машанан куьйгалхочо Цукерберг Марка, яздо Reuters.    "Facebook-ах пайда оьцуш ду 200 миллион доьзал кхолланза адам, цундела цу агIор баккъалла а цхьаъ далур ду", - аьлла Цукерберга. Амма цо ца элира билггал иза маца хир ду. И хаам бинчул тIаьхьа 1,1% хьалабаьлла Facebook-ан акцийн мах. Ткъа доьзал кхолла Iалашо йолуш вовше лоьхучучу нахана юкъахь уггаре евзаш йолчу Match Group компанин Tinder сервисан акцеш яйелла 23%.

Баскаша дIасахецна шайн ЭТА тоба

Radiomarsho.com 

Баскаша дIахьедар дина 60 шарахь гергга шайн пачхьалкх кхолла гIерташ къийсам латтийна ЭТА тоба дIасахецна шаьш аьлла.    ЭТА (баскийн маттахь Euskadi Ta Askatasuna, Баскийн Мохк а, Маршо а) олучу коьртачу декъана баскийн сепаратистийн вовшахкхетаралла коьллинера 1959-чу шарахь Баскийн Мохк маьрша баккха, цу хенахь Испанин диктатор хиллачу Франко Францискона дуьхьало ян а Iалашо йолуш. Цу вовшахкхетараллан декъашхоша герзаца тIелетарш дора полисхошна а, Iедалан белхахошна а. Цара иштта лелхийтарш дора, маьрша адамашна бале довлуш долу. Читать дальше...

Имамаш а, капелланаш а

Radiomarsho.com 

Бусалба боснихоша а, хорваташа-католикаша а, ортодокс-керста сербаша а цхьаьна гIуллакх до Боснин а, ХIерцоговинан а эскарехь.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Стефанос Циципас

«Он никогда не снимается с турниров». Циципас прокомментировал травму Джоковича






В квартиры подселяются дисконты // Стоимость «вторички» может начать снижаться

Суд отправил за решётку замгубернатора Тюменской области по делу о получении особо крупной взятки

Слушали Лермонтова, обсуждали гардероб Булгакова и пропаганду в Сталинграде

«Беспощадный бунт»: Хазин объяснил, что ждёт Путина без масштабной зачистки элиты