Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Декабрь
2021

"Путинна тIехь ду жоьпалла". Полисхо хилларг - Навальныйгахьа

0

Полицехь майор хилла волу Кашинцев Олег Лахьан-беттан 19-чохь Iуьрре аравелира шен хIусамера, Рыбинскера, машена а хиина, вахара Москва. Цигахь Измайловская метрона гергахь сецна, машен дIа а хIоттийна, вахара Оьрсийчоьнан шахьаран центре. Белхан биргIа цуьнгахь йоццушехь, тидаме ца лецира иза цхьана полисхочо – ах сахьт даьлча, ЦIечу майданахь, карахь "Маршо Навальныйна! Путин – чалтач" тIеяздина плакат а долуш, хIоьттина лаьттара иза.

Пхи минот яьлча Федералан хан урхаллера белахахой хьавдда баьхкира, дIаяьккхира карара плакат, лецира пикете хIоьттинарг. Бакъдерг ала деза, цкъа а ца болу аьтто белира полицехь болхбинчун: масех сахьт даьлча дIахийцира иза, арахь низамца боцу барам хIотторна, бакъо а йоцуш полицин духар лелорна материа а хIотийна.

"Машен тIе дIавахара еккъа пазат-кучаца, дика дара хеча соьгара дIа ца яьккхина", – боху стохка Iай а Навальныйгахьа хIоьттинчу акце вахарна лаьцна хиллачу Кашинцевс. ЦIечу майданахь акци хIотто мел гIиртинарш, лоьций, дуккха а деношна административан тIазар деш, чубухкуш, доьрзура хьал, хилла церан декъахь шайн белхан декхар кхочушдеш, видео йоккхуш нисбелла журналисташ а, яздо Свобода Радиорчу журналисташа.

Навальныйна маршо йоьхуш бинчу гуламехь къиза еттарна протест кхайкхош, балхара гIара а оьккхуьйтуш дIаваьлла полисхо Римский Сергей санна ца воьдуш, меллаша, тийнна дIатесира шегара дарж Кашинцев Олега 2019 шарахь. Цо ша еллачу интервьюхь элира, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера болх "аьттехьа а жоп луш бац шен политикан, вахархочун лехамашна". Цул тIаьхьа Кашинцевс болх бира кIеззиг меттигерчу заводан коррупцина дуьхьалоечу декъехь, цигара а дIавелира куьйгалло ахчанашца бозбуанчаллаш лелош хиларх шеко шега ма-йоьссина, тIаккха шен машенах такси йина, напха доккхуш лийлира, тIаьххаьара сецна риэлторийн фирмехь. "Дахар полицера дIаваьлча а хуьлуш хилла!" – боху цо шен кханенах майрра жоп а луш.

Пикет хIоттош лела низам дохорна административан кепехь лацарх Кашинцев хьалхаваьккхинарг дара иза къарвала лууш вацар: цуьнан аьтто белира кхелашкахь ша бехкевацар дIагайта, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера 20 эзар сом компенсаци а яьккхира цо бехказа ша хьийзорна.

 

 

Рыбинске Москвара цIавеъча къамел дира оха, хаьттира, ЦIечу майдана пикете хIунда велира иза, стенна лору цо Путин чалтач, хаьттира, муха тIеоьцу полисхоша Оьрсийчохь цхьа доза доцу ницкъ къайлахчу сервисашна балар.

– ЦIечу майдана и плакат а эцна араваьлла хьо, и стенна дира ахь?

– Сан акцин коьрта Iалашо – Навальныйгахьа со вуйла хаийтар яра, гонаха хьулуш лаьттачунна со резавоцийла хаийтар яра. Иштта лаьара суна тахана волчу президенте сайн болу хьажам дIагайта, айса плакат тIе яздинарг баккъал а суна хетарг ду. Со акце аравалар дозу тIаьххьарчу хенахь чохьарчу гIуллакхийн министраллин дакъошкахь белхахой луьттуш хиларца а. Цундела бира ас сацам аравала.

– Уьш хIун "литтарш" ду?

– Информаци яьржина, полицера алссам белхахой дIабохуш бу аьлла, бехкебо уьш Навальныйн агIоне язбелла хиларна а, цуьнан социала машанашкарчу аккаунташна лайкаш яхкарна а, масала, цуьнан посташна буха. Тоьшаллаш дукха ду, дIабохуш бу белххой.

– Иштта дIаваьккхина цхьа а вевзий хьуна?

– Тхайн жимчу гIара ца вевза, амма бевза, масала, ма хьежа, ма язде Навлаьныйн агIонехь цхьа а хIума, бохуш, белхахошна хьехарш ден накъост, дитина полисхоша социалан машанашкахь йозанаш дар. Иштанаш бевз суна.

 

Сан машанерчу агIоне язбелла, масала, иттаннаш бу полисхой. Сан посташна буха лайкаш хIиттайорацара хьалха, ткъа прокуратурера, полицера белхахой дIабохуш бу аьлла шайна хезчхьана, массо а цхьаъ санна, сецна ас яздийриг тергадечуьра. Иза шашах нислуш дац. Гарехь, цхьа омра охьадаийтина, машанашка хьуьйсучийн хьокъехь.

– Ахь ЦIечу майданахь дIаяьхьна акци хьахае вайшимма. Хенал хьалха хьо ца лацийта хIилла лелон дийзири хьан? Хьо лаьцначул тIаьхьа хIун хилира? Хьо стенна бехке ву элира?

– Бакъдерг аьлча, ЦIечу майдана кхачале со лоцур ву бохуш Iара со, хIунда аьлча ФСБ-н белхахой дукха бу цигаш лелаш, могIарчу нехан духарахь. Со оцу сайн полисхочун духарца ах-сов Москвах чекхвелира, Измайловора центре кхаччалц, метро чухула. Белхахочун биргIа яцара сан духарна тIехь. ЛартIахь болчу полисхошна иза гучудер ду моьттура суна, амма цхьанненна а ца хааделира. ХIун хIилла! Со парггIат дIавахара, сайна тIе тидам а ца ийзош, со стенга воьду а хууш, дIавахара сайн Iалашонна тIе. Сан акци пхеа миноте кхоччуш яхъелира, цул тIаьхьа гIаролаш баьхкира бевдда, ОМОН-ан белхахой.

Федералан хан урхаллераниг а вара со тергалвеш, цо полисхошна хьоьхура сох хIун дан деза. Полисхоша уггаре хьалха плакат дIаяьккхира соьгара, тIаккха – паспорт. Герггарчу "Китай-гIаларчу" полицин декъе вигира со. Ала деза, сан акци еха ца лаьттинехь а, дуккха нах баьхкира суна тIе, хьоьжуш лаьттира. Цундела суна сайн Iалашо кхочуш хилла аьлла хета.

Полицехь кхо сахьт гергга хан яккхийтира соьга, кехаташ хIиттийра. Хьалхарчу документо бохура со жоьпе озаво пикет хIотторна административан кодексан 20.2 артиклан 5-чу декъаца догIуш, шолгIачу кехато оццу кодексан 17.12 артикл йохура дуьхьал – низамехь а доцуш полицин духар лелор. Со балхах мукъаваьлла майор велахь а, бух бац сан и духар лелон.

– Хьо полисхоша дIа стенна хецна аьлла хета хьуна? И тайпа акцеш Кремльна хьалха кест-кеста хуьлу, наггахь а ца вуьту стаг чу ца вуллуш.

– Суна хетарехь, со хьалха оццу бехканна чувоьллина, лаьцна хилла вац. Суна цара язбинчу бехко ца кхачадо чуволлар – гIуда бен дац цуьнца тухуш. Бух бацара полисхойн со чуволла. РогIехь лацахь, вуллур ву.

Бакъду, хIиттийна хилла суна шо грегга хьалха административан кехаташ, Навальныйгахьа йолчу митинге ваханера со. Амма ас кхелехь толам баьккхира – сайна 10 эзарна тоьхна гIуда харц хилар орзе даьккхинера ас, сайна духьал материалаш хIиттийначо даьхна гIалаташ бахьана долуш туьйлира. И гIуллакх тIекхоьллина дара суна, ас цунах тоьшаллаш а далийра. Масех кхелах чекхваьлча туьйлира. Делахь а чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а яц къаръелла – кассацин кхеле хьажийна гIуллакх сан, кхел ларъеш Iа.

"Путин – чалтач" ингалсан маттахь яздинера ахь. ЦIечу майданехь нислучу туристашна хаийта воллура хьо хьайн акцех лаьцна?

– Туристашна а воллура хаийта. ЦIечу майданахь бара иштанаш, царна а гира сан плакат. Дуьненан юкъараллина а хаийта лаьа суна сайна хетарг.

– Стенна лору ахь Путин чалтач?

– Цхьаъ делахь, вайна массарна а бевза ФБК-но (Оьрсийчоьно экстремистийн цхьанакхетаралла лору иза. – Ред.) баржийна талламаш, кхечу хьосташа а гойту ФСБ вайн пачхьалкхехь политикан мостагIий бойъуш лелийла, Иза лечкъо маьIна дац, вист ца хуьлуш Iан а йиш яц. Оцу зуламех долу жоьпалла шенна Путинна тIехь ду аьлла хета суна. Навальный Алексейна дIовш деллийла а хаьа вайна массарна. ГIуллакх а хилла, дIаьвшаца оппозицера нах, Iедална резабоцурш байъинийла а ду хууш. Хьуна, масала, хаьа хир ду Германехь Хангошвили [Зеламха] верна Красиков боху стаг лаьцнийла, Гермнин къайлахчу ницкъашкахь тоьшаллаш ду иза ФСБ-н белхахо хилар тIечIагIдеш. Къайлахчу ницкъаша лелочух ша Путина жоп ло аьлла а хета суна.

– Хьо полицера дIаваьлла 2019 шарахь – ахь айхьа ма-аллара, политикан цакхетамаш Iедалца хиларна, амма ахь мохь ца элира оу хьокъехь, хьайн цхьаболчу коллегаша санна. Хьо оьшшу шераш а даьхна балхахь, пенсе вахана. Цул тIаьхьа дуккха а лелла протестан барамашка, амма хийцалуш хIума дац. Хьуна кIорда ца дина и дерриг а?

 

– ХIан-хIа, чхар мелла а меттахбаккхалур бу аьлла хета суна. Нах соьга хьовсур бу, цхьаверг, соьгара масал оьцуш, протесте аравала а тарло. Жим-жима, пачхьалкхера хьал вайга хийцадала тарло, тешна ву со: политикан тутмакхаш дIаахецийта, пачхьалкх дикачу новкъа яккха. Мацца а цкъа йогIур ма ю керлачу Оьрсийчоьнан зама.

– Хенан йохалла хьо репрессешка озорах, хьайна дуьхьал бехктакхаман дов айдарх, аьр вай, хьайх "арахьара агент" варна ца кхоьру хьо?

– Кхерам – иза адамехь хила безаш бу. Ца кхоьру аьлча, со бакъ хир вац. Айса стенгахь болх бина хууш, бух бу сан кхера. Делахь а ду цхьа хIума – кхерам юха а теттина, адамашна орцахвийла веза, вочу хIуманах мохк ларбан беза, пачхьалкхан кхане йозу цунах…Соьга хаьттича, хIетте а леха еза нийсо. Коьллашка лечкъина Iарх, ши куьг охьадхийтарх гIуллакх хир дац.

– Наха хьайга хьуна дуьхьл бехктакхам айбеш бу аьлча, дIагIур варий хьо Оьрсийчуьра?

– Со вац цхьаьнхьа а дIаваха лерина. Цу тIе кхочур дац аьлла хета суна.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus



Владимир Путин, Дмитрий Медведев, Анатолий Голод: ПРИЗНАНИЕ НАТО НАДО ПРИМЕНЯТЬ!

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Свыше 5,2 миллиона жителей Московского региона получают набор социальных услуг в натуральном виде

«Школа вожатых» прошла в школе №7 в Реутове

Семинар библиотекарей Ленинского округа прошел в Центральной библиотеке


Новый тип туров в Турцию начали раскупать российские туристы: вместо отеля им предложено нестандартное размещение

Более 3 тысяч ВИЧ-позитивных пациентов получили за год комплексную социальную помощь в Свердловской области

Массовыми патриотическими акциями отметили День России на заводах АО "Желдорреммаш"

«Школа вожатых» прошла в школе №7 в Реутове


America’s Space Infrastructure: So Vulnerable It Destabilizes Geopolitics

McDonald's Grimace showed Mets fans what happens when something goes right this season

Max free trial returns just in time for House of the Dragon season 2 this week

Kai Havertz’s fiancee Sophia stuns in see-through outfit on hen weekend as fans say Arsenal star is ‘so lucky’


Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Соцфонд выдал проактивно 3,2 млн сертификатов на материнский капитал

Ученые создали микророботов для доставки лекарств в легкие

В Санкт-Петербурге нашли женщину на красной машинке, которая не пропускала скорую помощь

«Школа вожатых» прошла в школе №7 в Реутове


В новом трейлере Indiana Jones and the Great Circle Индиана спускается на корабле с горы

Состоялся релиз The Case of the Golden Idol на iOS и Android

Life is Strange: Double Exposure продолжит историю Макс Колфилд

MMORPG Tarisland выпустили в Китае раньше времени


Досвідчені садівники обирають великі технічні горщики для своїх рослин і квітів


Объект культурного наследия «Фабрика-кухня» горит на севере Москвы

Владимир Путин, Дмитрий Медведев, Анатолий Голод: ПРИЗНАНИЕ НАТО НАДО ПРИМЕНЯТЬ!

Социальные и ESG-проекты ГПМ Радио названы лучшими в России

Попурри мелодий и дух патриотизма: военный оркестр в парке «Кузьминки» отметил День России




Владимир Путин, Дмитрий Медведев, Анатолий Голод: ПРИЗНАНИЕ НАТО НАДО ПРИМЕНЯТЬ!

Владимир Путин сенсационно получил ключевое признание от Н А Т О.

Что делать если умер близкий человек?

Инго Экосистема стала победителем национальной премии FinTech Awards Russia


Банкиры нащупывают доллар // Токсичные валюты взяли внебиржевой курс

Жителям Белогорска напоминают об опасности Томи

Социальные и ESG-проекты ГПМ Радио названы лучшими в России

Более 1,5 миллиона поездок на автобусах Подмосковья зафиксировали в День России


Сафиуллин не смог пробиться во второй круг турнира ATP в Штутгарте

Итальянский теннисист Синнер стал лучшей ракеткой мира в рейтинге ATP

Дзюба заявил, что был бы теннисистом уровня Сафина

«ITF решила пойти по пути WTA и ATP, которые давно допускают россиян» — Янчук


Социальные и ESG-проекты ГПМ Радио названы лучшими в России

Недоношенного ребенка спасли в перинатальном центре в Видном

Центробанк: Утренние торги на Мосбирже будут отменены

В Москве пройдет выставка Евгении Васильевой «Между пороком и добродетелью»


Музыкальные новости

В Туле завершился V этап культурно-просветительского проекта «Классика: история и современность»

Фестиваль «Гений места», посвященный Игорю Стравинскому, откроется в Ораниенбауме 15 июня

Орбакайте в видео: было, есть и будет что спеть, на грязь у меня иммунитет

Топ-5 самых обсуждаемых, громких и неожиданных выступлений на VK Fest — Баста, INSTASAMKA, Лолита, Полина Гагарина и Сергей Лазарев



Социальные и ESG-проекты ГПМ Радио названы лучшими в России

Владимир Путин, Дмитрий Медведев, Анатолий Голод: ПРИЗНАНИЕ НАТО НАДО ПРИМЕНЯТЬ!

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Свыше 5,2 миллиона жителей Московского региона получают набор социальных услуг в натуральном виде

Попурри мелодий и дух патриотизма: военный оркестр в парке «Кузьминки» отметил День России


Казаков, казачек и казачат Кубанского казачьего центра «Баско» наградили за активное участие в Кадетском движении России

Читателей "Чемпионата" пригласили посмотреть матч Евро-2024 на большом экране

В Московской области сотрудники Росгвардии задержали подозреваемого в краже электроинструментов

Путин обратился с приветствием к участникам Спортивных игр стран БРИКС


Сергей Собянин. Неделя мэра

Зарядные станции для электрокаров в некоторых регионах России станут обязательными - закон

В ЦДКЖ 18 августа ждут любителей группы «Рекорд Оркестр» на Квартирнике Евгения Маргулиса

Пробки на дорогах Подмосковья оценили в 4 балла утром 13 июня


Врио президента Ирана позвонил Путину, чтобы обсудить перспективы сотрудничества

Путин обсудил с и. о. президента Ирана взаимодействие внутри БРИКС

Россия и Турция обсуждают варианты решения проблем с банковскими переводами

Появление российского флота у берегов Кубы напомнило Западу о словах Путина





Гастроэнтеролог Садыков рассказал, как не допустить отравления бутилированной водой летом

Горчичное масло: секрет нежного вкуса и польза для здоровья

Что могло стать причиной смерти ребенка в кресле стоматолога в Красноярске

Главный врач клиники "Мегастом", стоматолог Владимир Лосев: что будет, если слишком долго носить брекеты


США обязаны передать Киеву "эскадрильи истребителей", заявил Зеленский

Зеленский: США передадут Киеву новые ЗРК Patriot и «эскадрильи истребителей»

Почему Зеленский не убедил саудовского принца, кража денег РФ, что готовят против России на саммите НАТО: обзор мировой политики 13 июня


Массовыми патриотическими акциями отметили День России на заводах АО "Желдорреммаш"

Пожар у станции «Динамо» в Москве потушен

В Москве тушат пожар в здании у метро «Динамо»

Новороссийские шахматисты приняли участие в полуфинале турнира "Шахматные звёзды 4.0"


В Минске назвали враждебные заявления Пашиняна политической истерикой

Пашинян предложил Лукашенко извиниться перед армянами из-за слов про Карабах. Что на это ответили в Белоруссии?

Видео: Истерика в Ереване: Пашинян против Лукашенко

МИД Белоруссии назвал слова Пашиняна о Лукашенко "недальновидной позицией"



Собянин поддержал команду "Единой России" на выборах в Мосгордуму

Сергей Собянин. Неделя мэра

Собянин рассказал, как переразметка позволяет улучшить движение на дорогах Москвы

Собянин: выборы в Мосгордуму будут серьезным экзаменом


РЭО назвал топ-3 регионов по количеству пунктов приема вторсырья

В России назвали последствия санкций против Мосбиржи

Участникам клуба «Лето Побед» рассказали о защите экологии

«Зеленая» повестка: участники экофорума выяснили, как реализуются приоритетные природоохранные программы


Более 1,5 миллиона поездок на автобусах Подмосковья зафиксировали в День России

Центробанк: Утренние торги на Мосбирже будут отменены

"Генералопад" сменится чистками коррупционеров в высших эшелонах власти. Команда Белоусова только набирает ход

Жители Белогорска спели гимн России на площади им. 30-летия Победы


Стало известны победили в шоу "Сокровища императора"

Более 1500 участников отрядов Поморья отправятся в юбилейное трудовое лето

Архангелогородцев и гостей города приглашают посетить мероприятия фестиваля «Гармоничная Россия»

30 лет назад в Архангельске открылась первая на Северо-Западе школа «Диабет»


Музыкально-поэтический вечер «Жизнь не кончена, песня не спета»

Выступлением самарских артистов в Крыму открылся масштабный Фестиваль, посвященный 225-летию со дня рождения А.С. Пушкина

Севастополь появился на вышитой карте Крыма

Полиция ищет пассажира, упавшего на ребенка с верхней полки


Масштабный праздник двора организовали в Химках

Соревнования по мотокроссу прошли в Химках

Социальные и ESG-проекты ГПМ Радио названы лучшими в России

Какие народные и церковные праздники отмечаются 14 июня












Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Людмила Самсонова

Самсонова вышла во второй круг турнира в Хертогенбосе






Банкиры нащупывают доллар // Токсичные валюты взяли внебиржевой курс

Урок по электробезопасности провели в детском саду в Щелкове

Администрация Мытищ провела прием представителей местного бизнеса

Казанский аэропорт вошел в топ-10 «воздушных портов» по объему пассажиропотока