Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Декабрь
2021

Новости за 21.12.2021

Шайн дов кхечу регионехь ца хаттарна мацалла кхайкхийна шина вашас

Radiomarsho.com 

ГIаттамхошна гIо дина ву аьлла, бехкевинчу шина вашас Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а мацалла кхайкхийна, шаьшиннан дов хаттар Нохчийчуьра кхечу регионе дехьадаккха дуьхьалоярна протест еш. Нохчийчохь нийсонца кхел йийр ю аьлла, дегайовхо яц цу шиннан. "Новая газето" хаамбарехь, бахьанаш далийна кхеле хIиттийначийн адвокаташа, республикан урхалхоша зорбан гIирсашкахь и шиъ бехкехиларх дIахьедина хилар; цул совнах, "сий лардеш" вуьйр ву бохуш, кхерамаш кхаьчнера цаьрга. 20 шо долу Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а ши ваша ву. Читать дальше...

ГIалгIайчохь лаьцначу талламхочун уьйраш хилла батIалхьажошца

Radiomarsho.com 

Де хьалха ГIалгIайчохь лаьцна талламхо а, регионерчу прокуратуран хилла белхахо а.  Кхаьънаш эцарх а, даржел совбийларх а бехкзуламан гIуллакх толлучу гурашкахь лецира и шиъ. Москварчу талламан органаша дIахьош ду гIуллакх, хаамбо "ГIалгIайчоь" интернет-газето ницкъаллин стурктурашкарчу шайн хьосташна тIетевжина. Лецначийн батIалхьажошца уьйраш хилла аьлла, шеконашка эца тарло, и формалехь йоцу организаци а цхьаьна ю ГIалгIайчуьрчу экстремизмана дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а... Читать дальше...

"Путинна тIехь ду жоьпалла". Полисхо хилларг - Навальныйгахьа

Radiomarsho.com 

Полицехь майор хилла волу Кашинцев Олег Лахьан-беттан 19-чохь Iуьрре аравелира шен хIусамера, Рыбинскера, машена а хиина, вахара Москва. Цигахь Измайловская метрона гергахь сецна, машен дIа а хIоттийна, вахара Оьрсийчоьнан шахьаран центре. Белхан биргIа цуьнгахь йоццушехь, тидаме ца лецира иза цхьана полисхочо – ах сахьт даьлча, ЦIечу майданахь, карахь "Маршо Навальныйна! Путин – чалтач" тIеяздина плакат а долуш, хIоьттина лаьттара иза. Пхи минот яьлча Федералан хан урхаллера белахахой хьавдда баьхкира... Читать дальше...

Теракташ дан тIехьехарна 11 шо хан тоьхна дагестанхочунна

Radiomarsho.com 

Малхбузерчу тIеман гонашкарчу шолгIачу кхело набахтехь даккха 11 шо хан кхайкхийна Дагестанерчу вахархочунна Юсубов Юсупна, шена бевзарш теракташ дан юкъаийзорна. Кхело тIечIагIдина лору, шен накъост Кайбаков Руслан бертавало гIиртина иза Москварчу ФСБ-н гIишлонна гергахь эккхийтар дайта, яздо "Интерфаксо". Цуьнца цхьана Кайбаковн хIусамнанас эккхийтар дан дезаш хиллера "Киевская" метрохь. Бехк тIе ца лаьцначу Юсубовс дIахьедина кхелехь, Кайбаковс доцург кхоьллина шена аьлла. Ростов гIаларчу... Читать дальше...

Колонешкахь гIелоеш яьхна керла видеош гучуяьхна Gulagu.net проекто 

Radiomarsho.com 

Красноярскерчу номер 1 йолчу туберкулезан дарбан цIийнехь ницкъбеш яьхна керла видеош Iораяьхна бакъоларъяран Gulagu.net  проекто, хаамбо "Север.Реалии" портало. Проектан керлачу информаторо дахначу кIиранах Франци дехьаяьхначу къайлахчу сервисан (ФСБ) а, таIзар кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН) а къайлахчу архивера дуьххьарлера видеош ю уьш. Видео тIехь гуш ду, тIеIаткъам беш, етташ, сийзазвеш кхозлагIчу тутмакхна тIехь дан дезарг шина тутмакхна  хьоьхуш ФСИН-н белхахоша. ТIаьхьо жимстаг валаво царна тIе... Читать дальше...

Шен гергарчаьрца зIене ца валало Нохчийчуьра дIавахна блогер

Radiomarsho.com 

Туркойчу дIавахначу нохчийн оппозицин блогеро Халитов Хьасана дийцина "Дождь" телеканале (Оьрсийчоьнан Iедалша "арахьара агент" лерина. Редакци реза яц оцу сацамца.) махкахь бисинчу шен вежаршца а, деца а зIене ца валало ша аьлла. Хьалхо шен нахана тIеIаткъам бина дела, царна ша сагатдеш хиларх хаийтина Халитовс. Доккхачу декъанна, блогеран гергарчаьрга видео дIаязъяйтинера "сийсазвеш, дов деш" кхунна. Цул совнах, телефонехула динчу къамелехь Халитовн вашас дийцинераа, нагахь санна, блогер "ца сацахь"... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Потапова не смогла пробиться во второй круг турнира WTA в Страсбурге






Священник объяснил, можно ли гадать православным верующим

МИД призвал граждан России воздержаться от поездок в Афганистан

Махачкалинское «Динамо» и «Химки» впервые в истории вышли в РПЛ

Суд оштрафовал москвича за демонстрацию желто-голубых волос