Полисхочунна урс диттинчу Бериев Илесан кхел йирзина
Москварчу Тверь-кIоштан кхело набахтехь 6 шо даккхийта сацам бина 18 шо долчу нохчочунна Бериев Илесна, хаамбо "Кавказ.Реалиино". Иза бехкевина Москвахь Словакин векалтна уллехь полицин белхахочунна тIе а летта, урс деттарна. Ткъа 9 шо дара Бериевна прокуроро «дехнарг». 2018-чу шеран аьхка Москварчу 1-ра Брестская урамехь, полисхочунна ша урс диттича, оцу меттера ведда хилла кIант, кара а вина, гергарчара дIавеллера Iедале. «Низам лардечу хьукматан белхахочунна дахарна тIекховдар» олучу бехкаца жоьпе озийра Бериев. Читать дальше...