Ши нохчо чувоьллина, Шема ваха дагахь хиларна бехке а вина
Къилбаседа-Кавказан гонан тIеман суьдо хан кхайкхийна Нохчийуьрчу шина вахархочунна, Шема а вахана "Исламан пачхьалкх" олучу тIеман тобанах дIакхета дагахь хилла аьлла. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо". Кхелан сацамехь аьлла ду, Сугаипов Адам а, Мурдиев Юни а Туркойчухула Шема ваха дагахь хилла аьлла. И шиъ лаьцна дозанхоша Краснодаран аэропортехь талламан пунктехула чекхволуш. Сугаипов а, Мурдиев а бехке лаьрра "терроран организацехь дакъалаца кечлуш хилла" аьлла. Хьалхарчо набахтехь доккхур ду 7 шо... Читать дальше...
