Бисултанов Апти. IиндагIаш
IиндагIаш - царна а ма деза вовшийн, Бесачу, даима шийлачу царна, Амма шаьш кхоьллина цхьа малх дIабовш бен, Марзонан хама бан-м ца хаьа царна. Цкъа цхьана дитта тIехь дезначу вовшийн, Вовшийн мутт мийлинчу цу шина генах Дисинчу IиндагIийн, мох меттахъхьовш бен, Вовшех ца хьакхало догIмаш я гIенаш. Я АллахI, ма марзо хила а еза-кх Доьдучу хи тIе чуэгначу церан! Ма дагахьбалламаш хила а беза-кх Цкъа вовшийн дохдина доцучу церан! Эсалчу, экамчу марзонан шовкъехь Дегадар. эгадар бу церан мотт а... Читать дальше...