Добавить новость
ru24.net

World News in Chechen

Новости от Russia24.pro

Russia24.pro Каталог
Май
2026
1
2
3
4
5
6 7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Все новости

КхозлагIа кхечу набате дехьаваьккхина шена тIехь гIело латторах арз дина Нохчийчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Талораш лелорна набахтехь даккха 11 шо тоьхна Нохчийчуьра вахархо Висангириев Сайд-Ахьмад кхозлагIа кхечу колони дехьаваьккхина. Хьалхо латкъамаш дира цо, шена тIехь набахтехь Iазапаш хьегийтарна. Карарчу хенахь чохь латтон хьелаш мел а ладаме даьхна цуьнан, шен доьзалца цхьанакхета аьтто а белира цунна. Стохка аьхка Висангириевс дIахьедира Владимирскан кIоштарчу номер 3 йолчу колонин белхахоша шегахь латтийначу гIелонах лаьцна. Иштта цунна дуьхьал бехкзуламан гIулакх даьккхира шеца чохь латточунна йиттина аьлла... Читать дальше...

Нохчашна тIехь геноцид йина хилар къобалдайтинчех волу Европарламентан хилла депутат Дюпюи Оливье кхелхина

Radiomarsho.com 

68 шо долу Транснационалан радикалан партин секретарь а, Европарламентан декъашхо а хилла волу Оливье Дюпюи Белгехь кхелхина. 2004-чу шарахь цо мацалла кхайкхийра, 1944-чу шарахь нохчийн халкъ нуьцкъала махкахдаккхар геноцид хиларх резолюци тӀеэцийта тӀеӀаткъам беш. Йеххачу заманчохь лазар текхна велла иза, йаздо Италерчу Linkiesta сайто. Брюсселехь кху беттан 8-чу дийнахь иза дIаволла де билгалдаьккхина. 2004-чу шеран йуьххьехь, Нохчийчохь шолгӀа тӀом боьдуш, Дюпюис дуьхьало йеш мацалла кхайкхийра дуьненаюкъарчу "Машар а... Читать дальше...

Алапаш тIекхетарх хIоттийначу рейтингехь Къилбаседа Кавказан мехкаш тIаьххьарчу могIаршкахь гойту

Radiomarsho.com 

Алапаш тIекхетар уггар а меллаша долчу Оьрсийчоьнан регионашлахь билгалйаьлла Къилбаседа Кавказ, йоллу цигара регионаш аутсайдерийн могIаршлахь нисйелла. Уггар а эшна хьал ду ГIалгIайчохь, Нохчийчохь, Дагестанехь. Талламаш дIабаьхьна оцу хьокъехь пачхьалкхан «РИА Рейтинг» агенталло. Росстатан зерех а, инфляцих а, бахархоша туьканашкахь йечу харжех, ишта кхин дIа долчух а пайдаэцначу говзанчаша лерина, мел хан-зама йаьлча бахархойх ах декъан таро хир йу 200 эзар соьме гергга алапаш эца. ГIалгIайчохь 22 шо оьшу... Читать дальше...

Доьзалехь шена тIехь ницкъ латторах йеддачу Хизриева Ӏайшатан аьтто баьлла Оьрсийчуьра дӀайаха

Radiomarsho.com 

Доьзалехь баланехь латтош йара ша аьлла, цIера йедда Нохчийчуьра 21 шо долу Хизриева Ӏайшат Оьрсийчуьра дӀайахана, хаам бо SK SOS кризисан тобано. Новосибирскехь ша лаьцна аьлла, массо а агIор даржийначарна баркалла а олуш, видеохаам дӀайазбина цо, хӀинца ша маьрша йу аьлла. Цул а масех де хьалха Нохчийчуьра йедда Хизриева, кеманца Новосибирске кхечира шен доттагӀий болчу. The Insider газето йаздира, иза йедда, йетташ, тIехь ницкъбеш, ша доьзалехь хьийзорна. Цо дийцарехь, аэропортера схьайогIучу... Читать дальше...

Беа баттахь Астанара аэропортехь латтийначу Муртазов Зелимханан Эрмалойчу дIаваха аьтто хилла

Radiomarsho.com 

Беа баттахь гергга Астанара аэропортан транзитан зонехь латтийначу Нохчийчуьра вахархочун Муртазов Зеламханан аьтто бели Эрмалойчу дIаваха. Оьрсийчохь иза лаца тарлора тIеман декхарш кхочуш ца дарна, йа бертаза тIамтIе вахийта тарлора. Зеламханан вашас Турпала бахарехь, охан-беттан 20-чохь Казахстанера дIаваха таро хилира цуьнан, Астанана а, Ереванна а йукъахь кеманаш дIасалела дуьйладеллачу хьахарчу дийнахь. Эрмалойчу кхаьчначул тIаьхьа дозанхоша латтийнера иза масех сахьтехь хеттарш а деш, цул тIаьхьа чу витина шайн пачхьалкхе. Читать дальше...

Цхьана шарчохь коррупцица лелийначу зуламех миллиард соьмана зенаш дина ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Стохка ГӀалгӀайчохь экономикан а, коррупцин а зуламаш лелийна 250 сов гIуллакх къаьстина. Динчу зенийн барам бу миллиард гергга сом. И статистика йовзийтина республикан чоьхьарчу гӀуллакхийн министро Котов Владимира Халкъан гуламна хьалха ша динчу къамелехь, йаздо "Фортанга" агенталло. Пачхьалкхан декъехь къастийначу зуламан терахь кхоалгӀачу декъанна гергга алсамдаьлла 2024-чу шарца дуьстича. И зераш чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан балхах бен хьакхалуш дац. "Фортанго" билгалдаккхарехь, ГIалгIачйчуьра лаккхарчу даржашкахь болу хьаькамаш а... Читать дальше...

Литвахь 21 шарахь ваьхначу нохчочунна Оьрсийчоьне дIавала кхерам лаьтта

Radiomarsho.com 

Литвахь вехачу Нохчийчуьра вахархочунна кхерам лаьтта Оьрсийчу дIавала. Иза лаьцна, пачхьалкхехь ваха луш долчу кехатан хан кхиндIа а йахйан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина тIевеъча. Цунах лаьцна тхан редакцига дийцина бакъоларйархочо, Ичкерин арахьарчу Iедалан векало Дунаева Розас. Лаьцначун цIе Беслан йу, фамили къайлайаьхьна. Дунаевас дийцарехь, бакъо а йолуш, иза Литвахь веха 21 шо ду, Литван бахархойн бакъо йолуш ду цуьнан бераш. Иза стенна лаьцна ву, цкъачунна хууш дац. "Нохчашна, къаьсттина... Читать дальше...

Цхьана беттачохь шолгIа совгIат дина Кадыровна – цементан индустри кхиорехь "къаьстина дакъа лацарна"

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна керла совгIат делла - "Оьрсийчохь цементан индустри кхиорехь къаьстина дакъа лацарна" аьлла, I -чу тIегIан орден. Нохчийн урхалхочуьнга совгIат дIаделла цемент йечийн Йукъараллан директоро Мартынкина Дарья. Кадыровн керлачу совгIатах лаьцна хаамбина охан-беттан 14-чохь шен телеграм-каналехь Кадыровс. Публикацихь чIагIдарехь, Мартынкинаца цхьанакхетаран коьрта Iалашо йара «Чеченцемент» компанина модернизаци йан кечйина проект йийцарейар а, цуьнан болх а... Читать дальше...

Дагестанан лаьмнашкахь доккха ло догIу; хьаьтт чухахкайелла, леш ду дийнаташ

Radiomarsho.com 

Дагестанера ЦIунтан кIоштахь хьаьтт чухахкайеллачул тIаьхьа лай бухахь дисина зуда а, бер а. Зазадокху-бутт бовш дуьйна махкахь догIанаша лаьтташ ду. ШайтIли йуьртахь хьаьтт чухахкайелира охан-беттан 13-чу дийнахь. Прокуратуро дIахьедина талламаш болийна шаьш аьлла. Бохам хиллачу меттигехь дIайазйинчу видео тIехь гуш йу йоьхна гIишлош, гIо дан орцахбевлла меттигера бахархой а. Цкъачунна аьтто ца баьлла орцан министраллан беракема гIаттон. Ло бахьанехь хIаллакхуьлуш ду хьайбанаш; КIулинан кIоштахь 170 бежана делла... Читать дальше...

Баймурадова Iайшат йерна бехке хета нах лаца кхайкхийна Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайта тIехь Байсаров Сайд-Хьамзат а, Иминова Карина а лоьхуш ду аьлла, карточкашца хаам хIоттийна. Нохчийчуьра йедда Эрмалойчу дIайахна хилла Баймурадова Iайшат йерна цу шиннах шеконаш йу. Бехкзуламан артиклаца ший а лоьхуш ду, ткъа Иминова билгалйаьккхина доь доцуш йайна йу аьлла. Хетарехь шен гергарчу наха а цхьана иза лоьхуш йолчух тера ду. Иминован карточкаш тIехь чоьхьарчу гIуллакхийн министралло шина къоман векал санна билгалйаьккхина иза, ткъа Байсаровх лаьцна хаамаш банне а бац... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса