Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Нохчийчуьра блоггер дIахецна Полшехь

0
Нохчийчуьра блоггер Абдурахманов Тумсо набахтера дIахецна Полшерчу Iедалша. Иза Маршо Радион корреспонденте тIечIагIдира ша Абдарахмановс.


2015-гIачу шарахь дуьйна Нохчийчуьра ведда, Гуьржийчохь лечкъина вехаш вара иза. Абдурахмановс дийцарехь, хIетахьлерчу Соьлж-ГIалин мэрца Кадыров Исламца дов иккхинера цуьнан, машенахь волчу гIалин ден некъ хадор бахьана долуш. Шина шарахь Гуьржийчохь Iийначул тIаьхьа цигарчу Iедало шена политикан тховкIело ца елча, иза яханчу аьхка Полше дIавахнера шен доьзалца цхьаьна.


Амма дIа ма кхаьчна кеманийн портехь цигарчу Iедалша, лаца а лаьцна, набахте хьажийра Абдурахманов. Меттигерчу кхело юхатоьхнера цо тховкIело йоьхуш дина дехар. Ах шо даьккхира блоггеро а, цуьнан доьзало а депортацин набахтехь. Ткъа хIинца, лакхарчу инстанце бина латкъам бахьана долуш, дIахецна иза.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса