Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Нохчийчуьрчу талламан комитетан урхаллан куьйгалхо хIоттийна Волков Виталий

0
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан урхаллийн керла куьйгалхой хIиттийна Нохчийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а. Гергарчу хенахь куьйгалхо хIоттор ву Кхарачой-Чергазийчохь а, хаам бо "Регнум" агенталло.


Нохчийчохь Талламан комитетан урхаллан керла куьйгалхо хIоттийна юстицин инарла-лейтенант Волков Виталий. Ткъа ХIирийчохь цу тайппа дарж дIалаьцна Наумов Виктора.


Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнан когаметто Карнаухов Бориса дийцарехь, Нохчийчу хьажийна волчу Волков Виталийна дика евза Къилбаседа Кавказ. Иза вина а (1962 шарахь), ваьхна а ву ГIебартойн-Балкхаройчохь.


Волковс дешна Ленинградехь политикан училищехь. Цо дуккха а шерашкахь болх бина прокуратурехь а, талламан комитетехь. 2007-чу шарахь 4 шарахь ГIебартойн-Балкхаройчуьра талламан комитетан куьйгалхо вара Волков. Ткъа 2011-чу шарахь дуьйна оццу даржехь вара иза Къилбаседа ХIирийчохь.  



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса