Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Новосибирскерчу кIоштан бахархой дуьхьал бу президентан харжамашка баха

0
Iедалан шайн проблемашца бала бац аьлла, Новосибирскан кIоштарчу Татарск гIалин бахархой дуьхьал бу Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалаца, Шен сайтехь оппозиционеро Навальный Алексейс бина и хаам.


Iедало шайн халонаш тергалъеш ца хиларна, уггар Iедална лазаме хета шайн политикан билламаш хьалха  тоьтту бахархоша, харжамашка гIур дац аьлла динчу дIахьедарца.


Татарскехь коммуналан катастрофа ю - газ а, ток а тIеюьгу некъаш тиллина толлушехь, тахана а газ я серло яц оцу меттигашкахь, дуьйцу Навальныйс.


Iедале бинчу шайн кхайкхамехь бахархоша яздо, Байдуково, Кулундийскан микрорайонехь газ а, ток а йоцу кхо шо сов зама хиларх.


Газ а, электроэнерги а тIеяло некъаш дехкина ду, бахархой декхарх буьзна чуьра система вовшахтосуьйтуш, хIетте а кхи дIа дерг Iедало кхочушдеш дац, цара бахарехь.


"Тахана тхуна жоп луш стаг вац, маца сацор ду адамашна тIехь къизалла латтор, тхан дола дан маца буьйлалур бу Iедалан коьртехь берш. И дерриг а гуш долу тхо дуьхьал ду президентан харжамашка даха", -аьлла, яздо Новосибирсерчу Татарск гIалин бахархоша.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса