Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2018

СаIуда-Iаьрбийчоьнна цатайначух тера ду Ахмат-Арена

0
СаIуда Iаьрбийчоьнан вовшахтоьхна тоба шайн тренерийн штабца Ростовн кIоштан Азоверчу Лакомовн цIарахчу стадионехь хилла, цигарчу хьелашна тIех реза а хилла, яздо News-R гIирсо.


Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь Соьлж-ГIалахь куп тоха дагахь яра спортан командо хьалхо, шайн футболисташна цигара меттиг климатца а, динлелорца а йогIуш ю аьлла.


Ткъа хIинца зорбанашкахь дийцарехь, дог-ойла хийцаеллачух тера ду спортхойн. Делахь а, официалехь и информаци тIечIагIйина яц хIинца а тобано.


Маршо Радионо хьалхо яздира, тIедогIучу шарахь хинйолчу дуьненаюкъарчу футболан чемпионате еана СаIуда Iаьрбийчоьнан тоба Нохчийчохь куп тоха дагахь ю аьлла. Паччахьаллин футболан Федерацин оцу хьокъехь Iалашо йовзийтинера REGNUM агенталлана Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-гIуллакхоша.


Паччахьаллин футболан федерацино массо а базанашкара хьелаш теллинчул тIаьхьа къастийнера Соьлж-ГIала динца а, климатца шайна товш ю аьлла.


Кху аьхка, Мангал-беттан 20-чохь СаIуда Iарбийчоьнан а, Уругвайн футболийн а тобанийн матч хила езаш ю.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса