Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Бакъдолчунна тӀера филмийн фестивал йолаелла Соьлж-ГIалахь 

0
"Вай доккхачу дуьненахь. Дахаран истореш" (Мы в большом мире. Истории из жизни) цIе йолу бакъдолчунна тӀера филмийн фестивал йолаелла Нохчийчохь. ТАСС агенталло дийцарехь, цу фестивалехь гойтур ю масийтта пачхьалкхера 8 филм.   


Гайтам дIахьура бу Соьлж-ГIаларчу Кхузаманан исбаьхьаллан центрехь. Нохчийчуьрчу бахархошна гойтур йолчу филмашна юкъахь ю "Касабланкин похIма" цIе йолу Мароккохь йолчу зударийн юкъараллин институтах а лаьцна филм а, "Альенден берийн бераш" цIе йолу Чили пачхьалкхарчу дешархойх дуьйцуш а филм, туркойн сериалаш хьажархошна бечу тIеIаткъамах лаьцна "Кхоллам" филм а, иштта дIа кхин а филмаш.


Цу кепара фестивал дуьххьара дIахьош ю Къилбаседа Кавказерчу еъа гIалахь, шайна юкъахь Каспийск а, Соьлж-ГIала а, Магас а, Нальчик а йолуш.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса