Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Москохара баьхкинчу ФСБ-н белхахоша шуьйра талламаш дIахьош бу Дагестанехь

0
Цкъа ца хиллачу кепара шуьйра талламаш дIахьош бу Дагестанехь. Республикехь болх беш бу Москохара талламхой. Интерфаксо дийцарехь, Дагестанехь хуьлург ду "регионан Iедалан структурашна декриминализаци яр".


Документаш схьадохуш ду финансийн министраллехь а, могушаллан министраллехь а, дешаран министраллехь а, ткъа иштта Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь а, суьдан пурстоьпийн урхаллехь а.


Дагестанехь хийцина берш некъаца йолчу посташкахь лаьтташ болу полисхой. Церан меттана дIахIиттийна Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара балийна Росгвардин эскархой.


Дагестанан лаккхарчу даржашкарчу Iедалхошна дихкина "декриминализаци" чекхъяллалц республикера арбовлар.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса