Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Роскомнадзоро варе йина "Радио Свобода"

0
Маршо Радион оьрсийн сервисе кехат даийтина Оьрсийчоьнан Роскомнадзоро Чиллан-беттан 9-чу сарахь. Цу тIехь дуьйцуш ду Коррупцица къийсам латтон фондан куьйгалхочо Навальный Алексейс дийцинарг тIехь долчу материалехь Оьрсийчохь баржо магийна боцу хаамаш хиларх лаьцна.


Буьйцург бу Навальныйс бизнесменах Дерипаска Олегах а, Оьрсийчоьнан вице-премьерах Приходько Сергейх а лаьцна бина таллам. Билггала муьлха хаамаш бу Оьрсийчохь баржо ца магийнарш дуьйцуш дац Роскомнадзоран кехатехь.


"Медиазона" зорбанан гIирсо а бина ПIераскана сарахь шайга а кхаьчна цу кеппара Роскомназорера кехат аьлла.  


Навальныйс бинчу талламехь дуьйцуш ду 2016-чу шарахь Марсхьоку-баттахь Приходькос масийтта де даьккхина хиларх лаьцна Дерипаскин яхти тIехь.


Оппозицин политико бехке вина вице-премьер коррупци лелорна. Дерипаскин векло дIахьедар дина, бизнесхочо низам дохош хIумма а ца дина, и бахьана долуш шен сий а, яхь а ларъян дагахь ву иза суьдехь а цхьаьна аьлла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса