ХIаагерчу Кхелана хьалха вовшахкхета дагахь бу Европера нохчий 0 19.02.2018 12:38 Radiomarsho.com Чиллан беттан 23-хь ХIаагерчу Дуьненаюкъарчу Криминалан Кхелана хьалха демонстраци дIаяхьа дагахь бу Малхбузерчу Европехь бехаш болу нохчий. И акци вовшахтухуш ву Францерчу нохчийн диаспоран жигархо Ибрагимов Сайд-Эми.Нохчийн къам дохор ша геноцид лерина ма хиллара, нохчаша лайна болу тIаьххьара ши тIом а геноцид хилар кхайкхаде, боху Ибрагимовс Евробарте цу акцехь тIеэца ша кечбинчу кхайкхамехь. Moscow.media Частные объявления сегодня Rss.plus Все новости за 24 часа Другие проекты от SMI24.net Музыкальные новости Агрегатор новостей 24СМИ