Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Кадыровн Facebook-ра агIо дIакъовларан бахьана дийцар доьху юха а Роскомнадзоро

0
Чиллан-бутт болалуш Роскомнадзоро юха а айина хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан Facebook-ра а, Instagram-ра а агIонаш дIакъовларца доьзна хаттар. Цунах лаьцна РИА Новости агенталле хаам бина цу урхаллан куьйгалхочуьнан когаметто Субботин Вадима.


Цо дийцарехь, Роскомнадзоран белхахой цхьаьнакхеттера Facebook-ан векалшца. Цара юха а кехат кечдина Кадыровн агIо хьокъехь. "Цхьа бутт белла оха, коллегашка жоп ца даладелира", - даладо Субботинан дешнаш РИА Новости агенталло.


Кадыровн Instagram-ра а, Facebook-ра а агIонаш дIаяьхна 2017-чу шарахь ГIура-беттан 23-чу дийнахь. Роскомнадзоро даийтинчу кехатана жоп делира Facebook-о Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан аккаунташ дIаьяхна хиларх лаьцна, иза Iамерко санкцеш кхайкхийначу нахана юкъатоьхна хиларна.

Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса