Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Дрезденехь полицино лаьцна 28 шо долу нохчийн зуда

0
Немцойн Дрезден гIалахь лаьцна нохчийн зуда. СаидовгIеран доьзалан нана 28 шо долуш ю. Деа беран нана ю иза, 2 шарера 8 шаре кхаччалц хенаш йолчу.


Масех де ду цу зудчунна орцахдовларе дехар деш болу кхайкхам социалан машанашкахула лелаш болу. Цу тIехь чIагIдо, и зуда йолу меттиг хоуьйтуш а яц, цунна тIе адвокат кхочуьйтуш а вац, ткъа цуьнан диъ бер нанна сагатдеш ду бохуш.


Маршо Радион информацица, и зуда даханчу шарахь цхьамогIа зуламаш лелорна Дрезденехь лаьцначу нохчийн къомахчу талорхойх цхьанан хIусамнана ю.


Иза билгал мича бехкенна лаьцна ю бохург хууш дац, амма цхьаццадолчу хьастанаша чIагIдарехь, цунна дуьхьал тоьтту набахтехь воллучу шен майрчунна накъосталла деш цхьамогIа талоршкахь дакъалацар.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса