Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Нохчийчу депортаци йинчу доьзалан кехаташ дисина Австрехь

0
Масех кIира хьалха Австрин Iедалхоша Оьрсийчу депортаци йинчу ТикаевгIеран доьзалан массо а документ меттигерчу полицехь дисина.


Шина кIирнахь Iедало хадеш а долуш, махкара арабаха кечбинчийн лагерехь латтийна болу доьзал, цхьа а кехат а доцуш, Москох аэропортехь дIахецна хилла австрихойн хьукматхоша.


И бахьана долуш Нохчийчохь я бераш ишколе дIахийта а, я шаьш Iен-баха Iалашо йолчу адресца регистраци ян а бакъо йоцуш бисина ТикаевгIеран доьзал. Царна Австрехь гIо деш хиллачу юкъараллин жигархочо Ландау Даниэлас бинчу хаамца, дех-ненах, деа берах лаьтташ болу доьзал цкъачунна Дагестанехь сецна.


Документаш сихонца дIакхачо а, цу доьзална рицкъаца а, ахчанца а ТикаевгIарна гIо дан а некъаш лоьхуш бу Австрехь накъосталла дан гIиртина хилла жигархой. Цу Iалашонца цара кхоьллина инициативан тоба.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса