Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Германехь маьждиг дагийна

0
Германерчу Тюринген лаьттарчу Мюлхаузен гIалахь цабевзачара цIе тесна маьждигах. И бахьана долуш 14 стагана, шайна юккъехь бераш а долуш, эвакуаци ян дезна. 7 стаг чевнаш йина а, ягаран газех дIавш даьлла а лоьрийн цIийне кхачийна.


Маршо Радион корреспонденте Мюлхаузен гIалахь вехачу Нохчийчуьра орамаш долчу тешо дийцарехь, маьждиган гIишло ерриге а яьгна дIаьялла, иза чукхета там боллуш ю. Маьждигал сов кхин цхьа могIа фирманийн офисаш йохь йолу йоккха гIишло ерриге а хIаллакйина цIаро.


Тюрингерчу полицин дIахьедарца, цIе ша шех яьлла а йоцуш, талорхоша тесина хиларх шеко яц. Маьждиган гIишлонна гонах йиъ меттехь гучудевлла Iедалхойн лерина Iамийначу жIаьлешна цIеран хьостанаш. Полицино лохуш бу цIе теснарш.


Масех кIира хьалха Германерчу Хаале гIалахь а дагийнера маьждиг. ХIетахь цIаро чевнаш йира цхьана стагана.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса