Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2018

Австрехь хIусамдена урс деттарна лаьцна оьрсийн зуда

0
Наб кхетта Iуьллу шен хIусамда вен гIоьртина Лахарчу Австрерчу Пехтолсдорфехь ехаш йолу Оьрсийчуьра зуда. Буьйсанна 2 сахьт долучу хенахь урс диттина цо 39 шо долчу шен майрчунна. Полицин хаамца, иза вен Iалашо хилла 42 шо долчу зудчуьнан.


И тIелатар дечу хенахь петар чохь хилла церан ши бер а. 15 шо долу кIант дас мохь хьоькхуш хезна самаваьлла хилла. Цо хаам бина Iедалхошка а, лоьрашка а. Цул тIаьхьа цо шен 6 шо долчу йишина Iуналла дина, цунна хилларг ца гайта гIерташ аьлла, хаам бира полицин прессица болх баран декъан векало Шварценеккер Валтерс.


Чевнаш хилла стаг лоьрийн цIийне кхачийна. ХIусамдена тIелатар дина оьрсийн зуда лаьцна дIайигина Винер Нойштадт гIалин набахте. Шина берана Iуналла деш бу психологш а, берийн хьукматан белхахой а.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса