Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2018

3000 % алсамдаьлла Японехь ВАЗ машенаш эцар

0
Волжскийн машенашъяран заводо хаам бина "Лада" машенаш Японехь йохкар алсамдаьлла хиларх лаьцна. 2017-чу шарахь хиллачу хьолаца дуьстича, шо долалуш, уьш йохкар алсамдаьлла 3000 процентана, хаам бо "Панорама" агенталло.


ВАЗ компанино дийцарехь, стохка Японерчу машенийн кхерамазалла толлучу компанино, краш-тест олу, йоха а йина, машен чIогIа хилар талла эцна хилла цхьа машен "Лада". Ткъа кхушара Японера Осака-гIаларчу орцанан сервисо лаам гайтина 30 ВАЗ машен эца.


"Уьш гIиртира шаьш дина дехар юхадаккха, пхеа маттах пайда а оьцуш, шаьш эца гIерташ ерш "Шкода" яра бохуш, амма оха тхаьш кхеле девр ду элира. Эххар маслаIат карийра тхуна: цара шаьш мах схьалур бу элира машенех, нагахь оха кхин цкъа а кехаташ а яздира дац, телефон а еттар яц шайн офисе аьлла дош лахь", - даладо "Панорамо" ВАЗ компанин зорбанан сервисо аьлларг.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса