Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2018

Нохчийчохь бинчу тIамо Оьрсийчоь юхучуьра кIелхьараяьккхина аьлла Путина

0
Оьрсийчоь юхучара яьккхина Нохчийчохь бинчу тIамо бохуш, чIагIдо президенто Путин Владимира. Президентан харжамаш герга кхоччуш Кондрашов Андрейс яьккхинчу "Путин" цIе йолчу киночохь ша лучу интервьюхь дина цо  и дIахьедар.


1990-чу шеран чакхенехь Югославин сценарийца йоха новкъаяьлла яра Оьрсийчоь, цуьнан чакхено кхи а баккхий бохамаш бохьур бара бахархошна, Нохчийчохь тIемашкахь хиллачу а зенел а алсам, боху Путина.


"Югосави муха юьйхира, иштта оцу некъа тоьттура вай а, - аьлла президента. – Ткъа оцу карчамо балане кхачор дара халкъ, белларш чот йоцуш дукха хир бара", - дийцина Путина.


Иштта президенто дуьйцу, 2003-чу шарахь Нохчийчоьнан президент хIоьттинчу Кадыров Ахьмадца шен хиллачу къамелех а.


"Воккхахволу Кадыров ша веара тIе, муьшца такхийна ма ца валийра иза. ГIаттамхойн  агIонехь тIом бина ма вара иза а", - карладоккху Путина.


"Со кхетта элира Кадыров Ахьмада, Нохчийчоь маьрша а, кхиаме а хир ю Оьрсийчоьнца цхьана йисахь. Ткъа важа нах буй, (суверенитетан агIончаш) церан радикалан хьежам бу", - аьлла, дийцира шега Кадыров Ахьмада бохуш, дуьйцу Путина.


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса