Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2018

ОвхIанхойн, нохчийн наноша шина къоман юкъаметтигаш марзъян некъаш лоьху

0
Австрерчу нохчийн, овхIанхойн къомахчу зударша цхьа могIа гIулчаш лерина, шина къоман юккъера цакхетамаш дIа а бохуш, юкъаметтигаш тоъярхьама. Цу Iалашонца Венерчу "Нохчийн нанойн цхьаьнакхетаралло" хьошалгIа кхайкхинера ОвхIанистанера орамаш долу зударий.


Цхьаьна нохчийн кхачанаш а кечбеш, юха цхьаьна шуьнехь цу кхачанех а кхеташ, дIадаьхьира шина къоман векалша и цхьаьнакхетар. Хьешашна  нохчийн Iадаташ довзийтар а, къаьмнашна юккъехь барт а, марзо а хинйолу некъаш лахар а яра цу проектан Iалашо, бохуш дийцира Маршо Радионе цхьаьнакхетар вовшахтухучарех цхьаъ йолчу Садаева Мадинас.


Австрехь кест-кеста нисло нохчийн, овхIанхойн кегирхой вовшахлетарш. ОвхIанхойн а, нохчийн а наной вовшашна бевзаш а, вовшашца гергарло лелош а хилча и тайпа девнаш кIезгох хила там бу аьлла тешна бу цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарш.


Шайн рогIехь овхIанхойн зударша Зазадокху-бутт бовш шаьш даздечу Навруз тойне хьошалгIа кхайкхина нохчийн наной.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса