Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2018

Нухажиев: Нохчийчуьра 92 процент бахархоша Путин хоржур ву

0
Оьрсийчоьнан волчу президентна кхаж таса дагахь бу Нохчийчуьра дуккхахболу бахархой аьлла, дIахьедина омбудсмено Нухажиев Нурдис. Бакъонашларъярхочун лаамца, республикехь социологин талламаш дIабаьхьна хилла. Ши хаттар дара респонденташка делларг: гIур дуй шу харжамашка а, хьанна кхаж тосур бу аш а?


Талламчийн зерашца, 90 процент сов  бахархой харжамашка баха лерина бу, ткъа царлахь 92 % Путин Влдаимирна кхаж тосур бу шаьш аьлла. 2% гергга наха шаьш Грудинин Павел хоржур ву аьлла.


"Бухабисинчу кандидаташна цхьа процент кхаж а ца кхаьчна" , - хаамбина "Диалог" юкъараллан куьйгалхочо Аюбова Лайлаа.


БIеннаш тергамчаш хир бу аьлла омбудсмено Нухажиев Нурдис Нохчийчохь харжамашна тIе хIиттина. Ишта махкарчу харжамийн комитетца цхьана кхаж тосучу меттигашкахь терго латтош хир бу бакъонашларъярхочун аппаратан белхахой а.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса