Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2018

ГIирмехь харжамаш хилийта дуьхьал ю Украина

0
ООН-ан Инарла секретаре а, оцу организацин декъахошка-пачхьалкхашка а кехат дахьийтина Украинано, Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь а, Севастополехь а кIирандийнахь президентан харжамаш хилийта ша дуьхьал хилар хоуьйтуш.


Иштта Украинан арахьарчу гIуллакхийн министраллан а, Лакхарчу Радан а дехар а ду цу кехата тIехь, ГIирмехь кхаьжнаш тасийтарна Оьрсийчоьнан Iедалшна дуьхьал кхи а санкцеш яха аьлла.


ГIирман территори тIехь дIабаьхьна  Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думе харжамаш а тIе ца битира Евроберто а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штататша а. ГIирман, Севастополан цIарах къастийна депутаташ легитиме а ца лерира


ПIераскандийнахь Украинано дIахьедина, ГIирмехь Оьрсийчоьнан харжамашкахь дипломаташна бен, пачхьалкхан декъатIерачу оьрсийн векалташкахь а, консулаллашкахь а кхаж таса могуьйтур дац шаьш аьлла.


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллана цатайна и дIахьедар. Украине кхайкхам бо цара, Оьрсийчоьнан бахархошна кхаж таса аьтто бар доьхуш.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса