Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2018

НСН: Чичваркинна дикка мийра кхета мегаш бу Нохчийчуьра

0
Ламаз до ша аьлла, моттаргIа йина Лондонерчу урамехь Оьрсийчуьра ведда волчу бизнесхочо Чичваркин Евгенийс, хаам бо НСН (Къоман керланийн срвис) агенталло.


Автосалонна хьалха Rolls-Royce "ламазан куза" тIехь машенна корта тухуш яьккхина видео дIахIоттийна цо шен Instagram -хь.  


Чичваркинан «провокацина» комментари йина Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахаьрчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министр волчу Умаров Джамбулата.


«Чичваркин санна волу кIилло цкъа а ваьхьар вацара и саннарг Соьлж-ГIаларчу урамехь дан. Хетарехь, дийр дацара цо иза Москох урамашкахь а. Цундела, цунна пхи-ялх дикка мийр тохар нийсса кхузахь догIуш дара аьлла хета суна. Цунна иза тухур а бара-кх. Иза дича реза хир бара аьлла хета суна, бусалбанаш хьовха, муьлхха а кху дуьнентIерчу динан векалш», - даладо Умаровн дешнаш НСН агенталло.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса