Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Ереванехь полицино дIасалаьхкина демонстранташ

0
Полицино дIасалаьхкина Ереванехь дуьхьалонан акце арабевлла нах, ткъа церан лидер, депутат Пашинян Никола, дIалаьцна, хаам бо  gazeta.ru интернетан сайто, РИА Новости агенталлана тIе а тевжаш.


Марш сацийнера полицино Ереванан Эребуни кIоштахь. Цул тIаьхьа полисхо пайда ийцира, серло а тухуш, вуно чIогIа гIовгIа йоккхуш лелхачу гранатех а, кхин болчу а полицин лерринчу гIирсах.


Хьалхо Пашинянан а, премьер-министран Саргсян Сержан а дийцарш дIадирзира, цхьа а жамI доцуш. Премьеро дIахьедар дира, оппозиционеро лелош дерг "шантаж" ю, аьлла. Цо хьехар дира Пашинянна, низамо бохучунна тIе юхаверза аьлла.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса