Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Iамеркан Iедалша 40 шарахь лехна стаг кхеле валийна

0
Къиза зуламаш лелийна 72 шо долу ДиАнджело  Джозеф Джеймс кхеле валийна. Полисхо лаьттина, зуда а, доьзал битина, кхаа беран да волу ДиАнджело Калифорнин штатерчу Сакраменто гIаларчу шен хIусамехь лаьцна дIавигинера. Иттанашкахь шерашкахь лехамашкахь хилла иза "Дашочу штатера нах бойург" лара мегар ду аьлла, чIагIдо кхелахоша. Йина ДНК-анализ бахьана долуш гучуваьлла ДиАнджело, яздо "Iамеркан аз" хьостано.


Талламчаша бинчу балхаца, 1978-чу шарахь 21 шо долу Маджор Брайан а, цуьнан 21 шо долу хIсамнана Кэти а дийна хилла цо. Набахтерчу духарехь, инвалидийн гIудалкхах тоьхна буржалш долчу ДиАнджелос масех дош элира, шена тIедохкучу бехкех кхеташ ву ша, шен интересаш йовзуьйтур ю маьхза волчу адвокато аьлла.


КарабогIучу беттан 14-чохь кхело кхи дIа шен болх бийр бу цунна гонах.


Иштта "Дашочу штатера нах байинарг" бехкево 1970-1989-чу шерашкахь Сакраментохь а, Калифорнехь а 12 стаг верна а, 45 зуда хьийзорна а, 120 хIусамехь къоланаш дарна а. Iамеркан ВМС-н эскарехь волчу заманчохь а, цул тIаьхьа полицехь болх бечу хенахь а масех къизаллица зулам дина хилла цо. Ткъа 1979-чу шарахь туьканчохь къола дина гучуваьлча, полицера дIаваьккхинера иза.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса