Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Путин президент вуьсур аьлла дIакхайкхийначу астрологна гIуда тоьхна

0
Оьрсийчоьнан харжамийн компани йоьдучу хенахь, оцу харжамашкахь толам хьангахь хир бу Iорадоккхуш прогноз зорбане яккхарна Приморскан кIоштахь "Роскомнадзоро" гIуда хьарчийна астрологах Ремпель Александрах. Шен йозанашкахь цо яздинера, 2018-чу шарахь Путин Владимир хирг хиларх Оьрсийчоьнан президент.


PrimaMedia агенталло яздарехь, Ремпелан социалан машанерчу агIон тIехь а, "Джентри" газетехь а зорбане баьккхинера и хаам. Шена гIуда тохарх астролога дийцина Фейсбукерчу шен пена тIехь.


Цо бахарехь, астрологин прогнозаш йовзийтарехь бехкамаш буй ца хууш хилла цунна.


Иштта Ремпеля билгалдаьккхина, Путинан толамах хиндерг яздеш, ша Роскомнадзорах а астрологин прогноз хIоттор ю аьлла, чIагIо йинера аьлла.


Оьрсийн низамашца а догIуш, кхаьжнаш тийса пхи де дисинчу хенахь а, харжамаш боьлхучу дийнахь а дихкина ду юкъараллехь бина хаттам а, харжамийн жамIех  а зорбанашкахь дийцар.


Оршотдийнахь 4-гIа Оьрсийчоьнан президентан дарже хии Путин Владимир.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса