Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Новости за 21.05.2018

Адыгейхь кхел йийр ю шен ваша вийначу стагана

Radiomarsho.com 

Адыгейхь теллина даьлла Майкопан 28 шо долчу вахархочунна дуьхьал схьадиллина бехктакхаман гIулакх. И стаг бехке веш ву шен ваша верна. Зулам дина цо гIалин базарна уллехь. Хилларг дIаяздина видеокамераша. Маларх кхетат волчу цу стага когах урс тоьхна шен 31 шо долчу вешина. Чов хилларг велла дарбанан хIусамехь. Жоьпе озийнарг хьалха чувоьллина хилла ву наркотикаш лелорна.

ФСБ-н инарла дог иккхина велла беркема охьадоьжначул тIаьхьа

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисан директоран когаметта хилла инарла-полковник Ежков Анатолий велла Хабаровскан махкахь беркема охьадоьжначул тIаьхьа. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо". Сибирь.Реалиино дийцарехь, бизнесхочуьнан Мельниченко Сергейн "Газель 342" беркема охьадоьжна даьгна. Цу тIехь хилла кхо стаг кхиийна араэккха. Амма царах цхьаъ, инарла Ежков, дог иккхина велла. ШолгIачу некъахочуьнан букъ лазийна.  Интерфаксан хаамца, и нах чIерий лийца боьлхуш хилла.  Инарла Ежов... Читать дальше...

"Дашо бутса" Мессина елла юха а

Radiomarsho.com 

"Барселона" футболан тобанан форвардана Месии Лионелна "Дашо бутса" елла, 2017-2018 сезонан жамIаш деш. Иза рекордан 5-гIа "Дашо бутса" ю аргентинахочо шен карьерехь яьккхина йолу.  Испанерчу "Реалан" форвардана португалхочунна Роналду Криштиануна 4-зза делла и совгIат. "Дашо бутса" ло Европерчу пачхьалкхийн къоман чемпионатийн жамIаш а дой, ерриг а тобанашна юкъахь тоьллачу форвардана. Кхушара Мессис 68 балл яьккхира, 34-зза буьрка чу а тоьхна. Иза 4 балл бен хьалха ца ваьлла Британерчу "Ливерпулехь"... Читать дальше...

"Коммерсант": Соьлж-ГIалахь тIелатар динарш уьйр йолуш хилла ГIалгIайчуьрчу джамаIатца

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь килсана тIелатар дина тIемалой уьйр йолуш хилла "Исламан пачхьалкх" тобанца уьйраш латточу Гетагажев Артура куьйгалла деш хиллачу ГIалгIайчуьрчу тобанца - Малгобекерчу джамаIатца. Иштта верси ялийна "Коммерсант" газето, Соьлж-ГIалахь хиллачух яздеш. Газето чIагIдарехь, Гетагажев тобано 2012-чу шарахь эккхийтар динера Малгобекехь полисхо дIавуллуш. Цу тобанарчу наха вийна 2013-чу шарахь ГIалгIайчоьнан кхерамазаллан кхеташонан секретар Котиев Ахьмад. "Коммерсанто" бинчу хаамца, 2014-чу... Читать дальше...

"Исламан пачхьалкхана" тIера бехк дIабаьккхина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дина, "Исламан пачхьалкх" тобанан декъашхой бу боху тIемалой республикехь бац аьлла. Соьлж-ГIаларчу килсана тIелетар дарна жоьпаллехь кхин нах бу аьлла хета цунна. Кадыровс дийцарехь, "махкал арахьара цхьа ницкъаш бу" муьлхха а цу тайпа "тIелатар шаьш дина олуш". Цу кепара и ницкъаш ала гIерта дерриг дуьнене, "Исламан пачхьалкх" тобан ницкъ болу организаци ю, боху Кадыровс.   Хууш ма хиллара, Соьлж-ГIаларчу килсана тIелатар дарна жоьпалла шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" олучу тобано. Читать дальше...

Соьлж-ГIалара тIелатар шена тIелаьцна "Иcламан пачхьалкх" тобано

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу килсана тIелатар дарна жоьпалла шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" олучу тобано. Цунах лаьцна кIиранан дийнахь хаам бина йозуш йоцучу SITE Intelligence Group мониторинган тобано. Соьлж-ГIаларчу килсана тIелатар динарш Нохчийчуьра бахархой Юнусов Iамир а, Юнусов Iела а, Элисултанов Микаил а, иштта ГIалгIайчуьра Цечоев Ахьмад а хилла аьлла, Iорадаьккхина махкарчу ницкъаллин структураша. Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, шоьтан дийнахь килсана динчу  тIелатарехь вийна Нохчийчу гIуллакх... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса