Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Новости за 17.05.2018

Нижневартовскера зуда схьайоьху нохчийн Iедалхоша Иракъе

Radiomarsho.com 

Иракъехь белла дIабовллалц набахтехь такха хенаш кхайкхийначу Оьрсийчуьрчу бахархошца цхьана Нижневартовскера Трулева Анастасия а цIаерзо гIерта Нохчийчуьра Iедалхой. ugra-news хьостане бина и хаам Нохчийчоьнан куьйгалхочун Югрерчу векало Орзалиев Алдана. Карарчу хенахь тоьхна хан Оьрсийчохь яккхийта схьабоьхуш Иракъерчу Iедалшца дийцарш ду дIахьош. "Елла дIаяллалц хенаш кхайкхийна пхи зуда ю цигахь, масех лахара хенаш тоьхна а ю. Нохчийчоьнан урхалхой цаьрга и хан цIахь такхийта аьлла, даймахка берзо гIерта. Читать дальше...

Парижерчу терактна карикатура йиллина Charlie Hebdo журнало

Radiomarsho.com 

Парижехь Нохчийчуьра схьаваьллачу вахархочо уьрсаца динчу тIелатарна Францин скандале Charlie Hebdo журнало карикатура йиллина. Журналан агIон тIехь диллинчу сурт тIехь Парижан мэр Идальго Анн ву, вилспеташ прокате лучу гIирсах тардинчу уьрсаш чудохчучу гIуткхан фонехь лаьтташ. Шарж тIехь йоза ду: "Цхьадика, Парижехь хIуъа хилла а цхьа хIума болх беш ю". Карладоккху, шоьтан сарахь Парижерчу Монсини (Monsigny) урамехь стаг вийра 1997-чу шарерчу жимчу стага. Урс тоьхна, стаг вуьйш "АллахIу акбар!" мохь тоьхна цо аьлла... Читать дальше...

Почтана а, инкассаторна а тIелатар динарг кхеле валийна

Radiomarsho.com 

Сунжа-кIоштан кхело 8, 5 шо хан кхайкхийна, талораш дина аьлла бехкевинчу ГIалгIайчоьнан вахархочунна, хаамбо Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурано. Схьадийарехь, цхьана хенахь полисхо леллачу  меттигерчу вахархочун хьокъехь гIуллакх кхеле листа кховдийна хиллера стохка Iай. 2014-чу шарахь герзаца йолчу тобанца цхьаьна тIелатарца къола дина хилла цо почтана. Талламчийн зерашца, бахархоша коммуналан хьаштех схьаделла 100 эзар сом а доккхуш, шен кхаа декъахочуьнца цхьахйолчу почтан декъан белхахочунна тIелатар динера 30 шо долчу жимчу стага. Читать дальше...

ЦIоз даьржина Дагестанехь, бахархой ахчанаш вовшахдетташ бу и хIаллакдан

Radiomarsho.com 

НогIийн кIоштара бахархой ахчанаш вовшахдетташ бу тIелеттачу цIозца къийсам латто. Ахча меттигерчу имаман банкерчу чоьта тIе даккхар хьоьху цара. Де хьалха Дагестанехь Iедалхойн кхеташо йоьдучу юкъанна хиира, 100 эзар гектар лаьтта тIехь цIозно шен хIоаш дIасадаржийна хиларх. Пачхьалкхан бюджетера 15 миллион сом ду цIоз хIаллакдан делла. "Iай дуьйнна дуьйцуш ду и 15 миллион, - оьгIазе дуьйцу меттигерчу депутато Адильгереев Рустама. – Байначу баттахь дуьйнна цIозца дерг хьаькамаша цхьалха даьккхина хила дезаш дара... Читать дальше...

Бакъо йоцуш бизнес лелош хьаькамаш гучубевлла прокуратурана

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь 17 пачхьалкхан хьукматийн куьйгалхо гучуваьлла прокуратурана къайлах бизнес лелош. Оьрсийн низамаша дихкина ду пачхьалкхан балхана зен а деш, шена пайденна бизнес лелор. Оцу бахьанашца прокуроро юьртабахаман министралле дIахаийтина, цуьнан куьйгакIеларчу даржхоша бизнес лелош хиларх. Кхо белхахо даржах вохийна министро. 14 хьаькамо шайн лаамехь бизнес дIа а тесна, коммерцин организацещкахь дакъалацар юкъахдаьккхина. Билгалдаккха догIу, Нохчийчохь пачхьалкхан белхахошлахь прокуратурано кхи дIа а талламаш дIахьош хилар.

Рамадан баттахь белхан де дацдина ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Мархийн Рамадан баттахь белхан де цхьана сахьтана дацдина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Дийнна баттахь болх беш хир ю мехкан урхаллехь газан а, хин а, тоькан а проблемаш гIиттахь, бахархошна арз дан кхоьллина оперативан штаб. Иштта меттигерчу урхалхошна тIедиллина мархийн баттахь къаьркъа ца дохкийтар. Коммуналан белхахошка Рамадан баттахь юкъах ца йоккхуш ток латторе, ткъа йохкархошка мехаш хьала ца дахаре кхойкху Евкуровс.

Кавказан бес-бесаралла суьрташкахь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказан суртдиллархойн гайтам схьабиллина Соьлжа-ГIалахь. Регионашкарчу говзанчийн 50 белхашка хьажа таро яра баьхкинчийн. Нохчийн ялх художнико а дакъалецира цу гайтамехь. Маршо Радион корреспонденто довзуьйту церан исбаьхьаллин суьрташ.

Ханты-Мансийскера бусулбачара арздина Росгвардина

Radiomarsho.com 

"Коммерсанто" яздарца, Ханты-Мансийскехь бехачу бусулбачара юкъахь кехат-арз яздина прокуратуре, Росгвардин эскархоша бехк боцуш етташ, тIехь ницкъбеш, мажош хедош, царех цIераш туьйсуш, Iазап латтадо шайгахь аьлла. Болчу хаамашца, карарчу беттан-4-чохь хилла и инцидент. ОМОН-о масех кафешкахула рейдаш а йина, иттанашкахь дIалецира бусулба нах. Лецначара даредарца, йиттина ца Iаш, аьнаш бина уьш, масала, цхьана кафе чохь жима стаг лаьтта охьа а вижина, нека деш санна сурт хIоттадайтина цуьнга.... Читать дальше...



ООН-ан эксперташ: Оьрсийчохь адам лахлур ду 2050-чу шаре кхачале

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан бахархойн терахь 2050-чу шарахь 133 миллион стаге охьадер ду. Оцу хьесапашка баьхкина ООН-ан социалан а, экономикан а хеттарш луьстучу Департаментан эксперташ. Прогнозо гойтург бакъ делахь, 2015-чу шарца дуьстича, Оьрсийчоьнан бахархой дебар лахделла 20 миллион стагна. Росстатан зерашца, стохка 10 процент жимделлера дуьненчу дуьйлучу берийн терахь а. Баларш алсам ду Оьрсийчохь. Юкъарчу барамехь аьлча, Оьрсийчохь адам 72, 5 шарахь бен ца деха. Хьалхо эксперташа довзийтира, мича бахьанашца хан яцйо адамо шен. Читать дальше...

Мисарара схьахьажийна Дагестанера зуда дIалаьцна Шереметьевохь

Radiomarsho.com 

Мисарара Оьрсийчу схьахьажийна дагестанхо Байсултанова Сакинат еарин Iуьйранна Шереметьево аэропортехь дIалаьцна. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам зудчун гергарчара. Маршо Радионо хьалхо яздира, Мисарарчу къайлахчу сервисаша Оьрсийчоьнан бахархой, шайлахь кегий бераш а долуш, лачкъийна дIабигарх. Еххачу хенахь уьш болу меттиг къайлехь латтийра. Каирера догIу кема Iуьйранна ворхI сахьт даьллачул тIаьхьа охьадоьсира Москох. Мисарара араваьккхина Дагестанан 10 вахархо вара цу тIехь. "Матар Кадим"... Читать дальше...

Iамерко керла санкцеш кечъеш ю Оьрсийчоьнна дуьхьал

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш кечъяр тIедиллина, генара а, гергара а йоьлху ракеташ  (ДРСМД) хIаллакъян бина барт цо бохорна. КIайчу цIийнан сайтехь зорбане баьккхина и хаам. И барт ца ларбинчунна тоха таро ю Iамерко шен санкцеш. Оцу нехан Iамеркера активаш сацош, шайн пачхьалкхе бахкар а доьхкуш, кхи дIа а "президентан лааме хьаьжжина" дозанаш тухур долуш ду бехкечарна. 1987-чу шарахь Советан пачхьалкхо а, Iамерко а куьйгяздира, генара а... Читать дальше...

ГIалгIайчуьра батальон Шема яха новкъаяьлла

Radiomarsho.com 

Кхаарийдийнахь машархочун миссица 393 эскархочух лаьтта тIеман полицин батальон хьажийна шаьш Шема аьлла, хаамбина ГIалгIайчоьнан Iедалша. Байначу баттахь Шемара юхабирзинчу полисхошна мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека совгIаташ дира. "Шемарчу хьоло а, Оьрсийчоьнан интересаша а оцу Iарбойн пачхьалкхехь вайн тIеман дакъош хила дезар тIечIагIдо", - аьлла Евкуровс эскархой новкъабохучу хенахь, яздо Iедалхойн официалан сайт тIехь. Инстаграмерчу шен агIон тIехь билгалдаьккхина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо 393 тIеман полисхо воьдуш хиларх Шема. Читать дальше...

Нохчийчуьра кешнаш, маьждигаш цIандеш белхи дIабаьхьна

Radiomarsho.com 

Мархийн бутт карабале аьлла, Нохчийчуьрчу маьждигашкахь а, кешнашкахь  а цIано йина белхи вовшахтоьхна.  Республикан бахархоша дийцарехь, субботникаш дIакхайкхийнера цаьрга маьждигийн имамаша а, туркхаша а. Буц хьокхуш, кешнаш тодеш, чурташна басарш хьокхуш белхашкахь жигара хьийзина кегийрхой а. Мехкан Iедалхоша хIора шарахь вовшахтуху цу кепара субботникаш. Байначу баттахь Маршо Радионо яздира, гIазакхийн марха дастале аьлла, эзарнашкахь хьаькамаш, школашкара дешархой, хьехархой, кхечу хьукматашкара... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Рафаэль Надаль

Легечка обыграл Надаля и сыграет с Медведевым в 1/4 финала «Мастерса» в Мадриде






Правда ли, что антисемиты выгнали советского писателя Алексина в Израиль?

Эксперт в области культуры, искусства и моды Елена Шерипова: как привить детям любовь к выставкам и театрам

Виталий Гинзбург: они будут манипулировать коррупцией в своих интересах.

Диетолог Соломатина посоветовала не есть кулич на ужин