Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Ставрополан вахархо Дагестанна тIелатар дарна кхеле хIоттийна

0
1999-чу шарахь Басаев Шемала а, Хаттаба а куьйгалла дечу тобанца Дагестанна тIелатар дина ву аьлла, Ставрополан кIоштарчу вахархочун Ильмухамбетов Рустаман гIуллакх талламчаша кхеле кховдийна.


Зазадоккхучу-беттан 29-чохь Дагестанан Лакхарчу кхело бехкехилар тIе а чIагIдина, ворхI шо хан кхайкхийра Ставрополерчу Исмаилов Рустамна а. Цунна бехкедиллинарг дара, Ботлихан кIоштахь эскархошна дина тIелатар.


Басаев Шемал а, Хаттаб а хьалха а вьлла, 1999-чу шеран аьхка тIелатар динера Дагестанна. Ботлихан кIоштара Ансалта, Рахата, Шодрода, Годобери ярташ дIалецира цара чу ма бахкарра. Цул тIаьхьа Цумадинан кIоштара ярташкахь а баьржира тIемалой.


Полисхошна тIелатар дарна бехкево Ильмухаметов Рустам, иштта толлуш ву шеконашца кхин а виъ стаг, яздо Оьрсийчоьнан Талламан комитето шен сайтехь.

Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса