Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Абрамовича шен хьал нийсонца гулдина хилар тIечIагIдан деза, боху Лондоно

0
Оьрсийчуьрчу хьоладас Абрамович Романа Британехь керла инвестицин виза йоккхуш Iедалшна хьалха тIечIагIдан деза шен хьал нийсонца гулдина хилар. Цунах лаьцна хаам бо The Telegraph газето.


Абрамовичан хьалха хиллачу визан хан чекхъяьлла дIабаханчу Оханан-баттахь.


Цхьа де хьалха Британин парламентан Юкъараллийн Чоьнан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула комитето дIахаийтар арахийцира, "Москохан дашо: оьрсийн коррупци Британехь" цIе а йолуш.


Цуьнан авторша дIахьедина Оьрсийчуьрчу "боьхачу ахчано" зен до Британин арахьарчу политикана аьлла.


Хьалхо Британин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Радд Эмбера хаам бира, бIеннаш хьал долчу Оьрсийчоьнан махкахошна еллачу визанашна таллам бар долийна шаьш аьлла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса