Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Сатуев Хьусейн. Нохчийн белхи.

0
 


Сатуев Хьусейн. Нохчийн белхи


Лерехь потт йохуш, тIараш а лелха, 

Лоькхуш бу пондар, етташ ю жиргIа. 

Йилбазан шовкъехь хьийзаш ду хелхар, 

Делкъенга даьлла ловзар ду ирке.

Эскаре вахнарг цIа варна доцуш, 

Нускал а доцуш доссийна керта, 

КIант воцчу дена кIант варна доцуш, 

Нохчочун уьйтIахь хелхараш кхехка.

И нохчийн ловзар – поппаран белхи, – 

Мехкарий, кIентий цIе санна хьийза. 

Къахьега бертахь ницкъаш хьан белла, 

ЦIа доцург тахна хоттавеш цIийнах?

Сан мехкан ярташ белхеша гIиттий, 

Де эшна висча, стаг цхьалха воцуш. 

Дахарехь чIагIдан 

дайн оьзда гIиллакх, 

Стаг стеган дуьхьа дуьненчу волу.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса