Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Трамп юхаваьлла Ким Чен Ын-ца цхьаьнакхетаре вахарх

0
Трамп юхаваьлла Ким Чен Ын-ца цхьаьнакхетаре вахарх. Цу хьокъехь кехат хьажийна Iамеркан президенто Къилбаседа Корейн хьалханче. Цуьнан текст арахецна КIайн ЦIийнан зорбанан сервисо.


Цу кехата тIехь аьлла ду, Къилбаседа Корейно вуно йоккхачу оьгIазаллица а, хьул а ца деш, мостагIаллийца а деш долчу дIахьедарша ца оьшуш дон карарчу хенахь и сатийсина цхьаьнакхетар аьлла.


Iамеркан президент Трамп Доналд тIебогIучу баттахь Къилбаседа Корейн хьалханчица Ким Чен Ын-ца шен хила езачу саммите вахарх юхавала мегаш хиларх хаам бинера кху деношкахь вице-президенто Пенс Майка, Къилбаседа Корейно и цхьаьнакхетар хир ду бохург шеконе диллинчул тIаьхьа.


Fox News телеканалана ша еллачу интервьюхь Пенса дIахьедар дира, Iамерка юхаялийта гIерта ца оьшу, шаьш лардийр доцу ваIданаш а деш аьлла.

Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса